Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло соьга элира: «Поппаран йоккха экъа схьа а эций, йозанан гӀирсаца къаьсташ дӀаязде цу тӀехь: „МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз“».

[2] Ас тешаме волу ши теш лецира сайна: динан да волу УръяхӀу а, Юбарах-ЯхӀун кӀант Закри-ЯхӀу а.

[3] Шегахь Делера хаам болуш йолчу зудчух кхийтира со. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Везачу Эло соьга элира: «Цуьнан цӀе МахӀир-Шалал-Хьаш-Баз тилла,

[4] хӀунда аьлча цу кӀантана „сан да“, „сан нана“ ала Ӏамале, Дамасакх-гӀалин хьал а, Шамран-гӀалин хӀонс а Ашур-мехкан паччахьна хьалххула дӀахьур ду».

[5] Везачу Эло кхин а цкъа соьга къамел дира:

[6] «ХӀара халкъ тийна догӀучу Шилон-хих ца дашарна, Рицанах а, Рамли-ЯхӀун а кӀантах а доккхадерна,

[7] Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тӀе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тӀе дер ду.

[8] ЯхӀуд-махкахула дӀа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кӀел кхаччалц. Ӏимануал, Хьан латта мел ду дӀасадаьржар ду иза, дӀасадахийтинчу тӀемашца санна!»

[9] МостагӀалла леладе, халкъаш, ткъа дог доьхна хила. Генара мехкаш, ладогӀалаш! ТӀамана кечам бе, ткъа дог доьхна хила! ХӀаъ, кечам бе, амма хаа ду шуна, шу дог доьхна хир ма ду!

[10] Дага хӀуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хӀунда аьлча тхоьца Дела ву!

[11] Суна тӀе онда куьг а диллина, цу халкъан новкъахула лелар суна дехка а доьхкуш, Везачу Эло соьга иштта элира:

[12] «Цу халкъо къайлаха барт бар мел ду бохучух къайлаха барт бар ду ма баха, иза кхоьручу хӀуманах ма кхера, ткъа Ӏадийна ма хила.

[13] Массо а ницкъийн Веза Эла шайн Веза Дела бен ма лара, Цуьнга бен ларамах дуьзна ма хила, Цунна хьалха бен Ӏадийна ма хила!

[14] Иза шун еза меттиг хир ю. Амма Исраилан шина пачхьалкхана Цунах нах тасаболуьйтун болу тӀулг а, уьш охьаоьгун болу тарх а хир ю, ткъа Ярушалайман бахархошна Цунах речӀа а, гур а хир бу.

[15] Царах дукхахберш таса а белла, охьа а эгар бу, хӀаллак а хир бу, речӀанна юкъа а нисбелла, схьа а лоьцур бу».

[16] ХӀара тоьшаллин тептар, дӀа а хьарчадай, дӀадехка. ХӀара хьехаман тептар мухӀарца дӀа а къовла. Сан мурдаша иза лардойла.

[17] Якъубан тӀаьхьенах Шен юьхь къайлаяьккхинчу Везачу Эле хьоьжуш хир ву со, Цунах дегайовхо йолуш хир ву со.

[18] ХӀара со а ву, Везачу Эло суна делла бераш а ду. Цийон-лам тӀехь Ӏаш волчу массо а ницкъийн Везачу Эло исраилхошна тоьшаллина а, билгалонна а дахкийтина ду тхо.

[19] Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?»

[20] Сан хьехамна а, тоьшаллина а догӀучуьнга бен ла ма догӀа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догӀу – церан Делан нур дац!

[21] Къизачу Ӏазапехь а, меца а болуш, лаьтта тӀехула лелар бу и нах. Мацалла хӀоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш.

[22] Стигала а, лаьтта а хьовсур бу уьш, бала а, бода а гур бу царна, буькъачу бодане кхиссина хир бу уьш. Амма хӀинца ша чӀагӀбеллачу меттехь гуттар а хир бац бода.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters