[1] ХӀара бу Цора-гӀаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богӀу кемалелорхой, Цора-гӀала йохийна йолу дела. Цуьнан цӀенош а, хӀордкеманаш тӀедогӀийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара.
[2] ГӀайгӀане хила, хӀордан йистера бахархой! ХӀорда тӀехула лелаш болчу ЦӀадан-гӀалара совдегарша шу хьаладузура.
[3] Шихьор-хин уллора кӀа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тӀехула цу гӀали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гӀаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира.
[4] Эхь хета, ЦӀадан-гӀала, хӀунда аьлча хӀордо – хӀордан чӀагӀоно – боху: «Бер деш лазарш а ца хилла сан, я бер а ца дина ас, кӀентий а, йоӀарий а ца кхиийна ас».
[5] Мисархошка хабар дӀакхаьчча, Цора-гӀаланах дерг а хезна, холчу хӀуьттур бу уьш.
[6] Таршаш-махка дӀакхалха! ХӀордан йистехь бехаш берш, белха!
[7] Ширачу заманахь дуьйна лаьтташ йолу, хӀетахь йоккхаеш йолу шун гӀала хӀара юй? Генарчу мехкашкахь Ӏархьама, цу гӀалара нах хьалха лелаш хилла.
[8] Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дӀасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гӀалина хьанна дагадеана иза?
[9] Массо а ницкъийн Везачу Элана дагадеана, сийлаллин деза деттар дохорхьама а, дуьнен чохь цӀеяхана берш кӀезиг хетийтархьама а.
[10] Нил-хи санна, паргӀат лела шайн лаьттахула, Таршаш-мехкан бахархой, кхин новкъарло яц шуна.
[11] Шен куьг хӀорда тӀехула а лаьцна, пачхьалкхаш егийна Цо. КанаӀан-мехкан гӀепаш йохае аьлла, омра дина Везачу Эло.
[12] Цо аьлла: «Хьо кхин йоккхайийр яц, сийсазъяьккхина йоӀстаг санна йолу ЦӀадан-гӀала! Хьала а гӀовттий, Хитам-махка гӀо, гӀалин бахархой! Амма цигахь а синтем хир бац шуна».
[13] Дагадаийта хашадхойн махках хилларг. Хашадхойн къам кхин дац. Церан махках ашурхоша яьссачу аренан дийнаташ Ӏаш йолу меттиг йинера. Ашурхоша, цигахь тӀеман бӀаьвнаш дӀа а хӀиттийна, мехкан гӀепаш йоха а йина, царах харцораш йинера.
[14] Белха, Таршаш-мехкан кемалелорхой! Шун гӀап йохийна.
[15] Хан тӀекхочур ю, Цора-гӀала кхузткъе итт шарна – цхьана паччахьан оьмаран ханна – йицлур йолу. Ткъа кхузткъе итт шо чекхдаьлча, Цора-гӀалина эшарехь дуьйцучу кхахьпанна хилларг хир ду:
[16] «Хьайн мерз-пондар схьа а эций, гӀалахула долало, дицделла кхахьпа! Эшарш дика лакха, хьо дагаяийта».
[17] Кхузткъе итт шо даьлча, Везачу Эло Цора-гӀала, таӀзар динчул тӀаьхьа паргӀатйоккхур ю. И гӀала, юха а мах а беш, пайда оьцуш хир ю, дерриге а дуьнен чохь массо а пачхьалкхашца хир ю цуьнан хьарам уьйраш.
[18] Везачу Элана дӀакъастийна хир бу цо лелош болу мах а, беш болу пайда а. ДӀа а къевлина, Ӏалашдеш хир дац гулдинарг, хӀунда аьлча Везачу Элана уллохь Ӏаш болчу нахана кхочур ду иза, цаьрга дуззалц хӀума яийтархьама а, дика бедар тӀейохийтархьама а.