[1] Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до дейтталгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхӀуд-мехкан массо а чӀагӀйинчу гӀаланашна тӀе а гӀоьртина, уьш дӀалецира.
[2] Ашурхойн паччахьо Лахиш-гӀалара шен эскаран цхьа хьаькам вахийтира дуккха а тӀемалошца Ярушалайме Хьузакх-ЯхӀу-паччахьна тӀе. Лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, наха хӀуманаш юьттучу аренна тӀебоьдучу новкъахь, сецира и хьаькам.
[3] Паччахьан цӀийнан хьаькам волу Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дӀаяздеш волу Асайпан кӀант Юахьи а, ара а ваьлла, цунна тӀевеара.
[4] Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дӀаала Хьузакх-ЯхӀуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бӀобулуш дерг хӀун ду?
[5] Ахь боху хьайн говзалла а, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал?
[6] Кагъелла Ӏаса санна болчу оцу Мисар-махкана тӀетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тӀе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Ӏаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун.
[7] Я аша олу те: ‹Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо›? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‹Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де›.
[8] Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гӀо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тӀе ховшо береш карор барий хьуна?
[9] Сан олахочун уггар кӀезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гӀерта хьо, Мисар-махко хьайна тӀеман гӀудалкхаш а, дошлой а бахкийтарх тешна хьо Ӏаш велахь?
[10] Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тӀе вогӀур варий со иза хӀаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‹Ваха а гӀой, хӀокху махкана тӀе а латий, иза хӀаллакбе›’“».
[11] Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца».
[12] ТӀаккха цу хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тӀе а, хьуна тӀе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хӀара дешнаш дӀаала? ХӀан-хӀан, хӀокху пенна тӀе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юуш, шайн хьатӀ муьйлур долчу кху адамашка а дӀаала веана со».
[13] ТӀаккха эскаран хьаькамо, хьала а гӀаьттина, чӀоггӀачу озаца Ӏебархойн маттахь элира: «ЛадогӀалаш, ашурхойн сийлахьчу паччахьан даше!
[14] ХӀара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кӀелхьардахалур дац.
[15] ‘Везачу Эло вай кӀелхьар а дохур ду, и гӀала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхӀуга ле ма дайта.
[16] Ла ма догӀа Хьузакх-ЯхӀуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гӀой, суна тӀедуьйла. Шух хӀораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тӀера а, инжирийн дитташ тӀера а стоьмаш доийла, иштта хӀораммо а шен доларчу гӀу чуьра хи а молийла,
[17] аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц’.
[18] Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта: ‘Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду’, – бохуш. Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кӀелхьарбаьккхиний?
[19] Мичахь бу Хьамат-гӀалин а, Арпад-гӀалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм-гӀалин деланаш? Шамран-гӀала а кӀелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара?
[20] Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кӀелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТӀаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?“»
[21] Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дӀатийна Ӏаш дара халкъ, хӀунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», – аьлла.
[22] ТӀаккха паччахьан цӀийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дӀаяздеш волчу Асайпан кӀанта Юахьис а, шайн тӀехулара бедарш а этӀийна, Хьузакх-ЯхӀуна тӀе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дӀадийцира.