Skip to content
Opens in a new window

[1] Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дӀасакъастаран кехат, Ас иза дӀайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу? Я Сайна духалург ахча деллачух хьанна доьхкина Ас шу? Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш. Шун зуламаш бахьана долуш, дӀаяхийтина ю шун нана.

[2] Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хӀунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хӀунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гӀо дан, я Сан ницкъ дӀабаьлла ткъа шу кӀелхьардаха? Ас Сайн омрица хӀорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тӀаккха царна чуьра чӀерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле.

[3] Ас стигалш боданехь дӀахьулйо, сингаттаман духар тӀе а тосий».

[4] Хьалдолчу Эло Ӏеминчеран мотт белла Суна, гӀелвеллачунна гӀо даран дош суна довзийтархьама. ХӀора Ӏуьйранна Цо самавоккху Со, дешархочуьнга санна, тидамца соьга ладогӀийта.

[5] Хьалдолчу Эло Сан лергаш схьадиллина, ткъа Со аьрха а вацара, я Со юха а ца велира.

[6] Сайна еттачарна букъ кӀелхӀоттийра Ас, ткъа Сайн маж дӀаийзочарна – беснеш. Ас юьхь дӀа ца лачкъийра, Сайна дов деш а, шеташ етташ а.

[7] Хьалдолчу Эло Суна гӀо дарна, Суна эхь хетар дац. Цундела Ас Сайн юьхь, мокхаз санна, латтайо. Суна хаьа, Со юьхьӀаьржачу хӀуттур воцийла.

[8] Со бакъвеш волу Дела уллохь ву. Мила ву Соьца къовсавала лууш? ДӀахӀоттаве тхойшиъ дуьхь-дуьхьал! Мила ву Со бехкеван лууш верг? ТӀеваийта иза Суна!

[9] Хьалдолчу Эло гӀо до Суна. Хьаьнга ялур ю Суна кхел? Уьш массо а, бедар санна, тишлур бу, нецано йиъна хӀума санна, дӀабевр бу.

[10] Мила ву шуна юкъахь Везачу Эле ларамах вуьзна а, Цуьнан Ялхочо дуьйцучуьнга ладугӀуш а? Бодашкахь, серло а йоцуш, лелаш верг, Везачу Элан цӀарах тешна Ӏаш а хуьлийла, шен Далла тӀетевжаш а хуьлийла.

[11] Ткъа шу, цӀе латош дерш, шаьш латийначу цӀера юккъе гӀо! Догуш долу пхерчий схьаэцнарш, шаьш латийначу пхерчашна юккъехь лела! Иза Сан куьйго дийр ду шуна: Ӏазап а хьоьгуш, охьаховшур ду шу.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters