Skip to content
Opens in a new window

[1] Къа ду бехначу эпраймхоша дозалла дечу кочаран. Цуьнан исбаьхьа хазалла кочаран маргӀалдулуш долчу зезагех тера ю. И кочар токхечу тогӀин коьрта тӀехь ду, амма тогӀин бахархой чагӀаро бахийна Ӏохкуш бу!

[2] Хьалдолчу Элан чӀогӀа а, онда а цхьа стаг ву. Къора яхьаш догӀу догӀа санна а, хӀаллакдеш болу мох санна а, чӀогӀа хитӀедалар санна а тӀелетар ву иза. Шен ондачу куьйгаца цо и кочар лаьтта охьакхуссур ду.

[3] Когашца хьоьшуш хир ду бехначу эпраймхойн кураллин кочар.

[4] Токхечу тогӀин коьрта тӀехь долу а, маргӀалдулу зезаг долу а и исбаьхьа хазалла заманал хьалха кхиинчу инжирах тера ю – хьалха гинчо, схьа а йоккхий, йоу иза.

[5] Цу дийнахь массо а ницкъийн Веза Эла исбаьхьа кочар а, хаза таж а хилла дӀахӀуттур ву Шен халкъах бисначарна.

[6] Цо кхелахошна нийсонца кхел яран лаам лур бу, ткъа гӀалин кевнера мостагӀий дӀалохкучарна доьналла лур ду.

[7] ЧагӀаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагӀаро галбоху. ЧагӀаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хӀиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гӀуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу.

[8] Массо а стоьла тӀехь Ӏеттораш ю, цхьанхьа а цӀена меттиг яц.

[9] Цара боху: «Мила Ӏамо гӀерташ ву иза? Хьанна хьекъал луш ву иза шен хьехамца? Дакхочуьра дӀадаьхначу кегийчу берашний?

[10] ХӀунда аьлча „весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма“».

[11] Делахь а, бур-бур деш долчийн балдашкахула а, хийра мотт буьйцучаьргахула а Дала цу халкъе къамел дийр ду.

[12] Цаьрга бехира Цо: «ХӀара садаӀа меттиг ю, синтеме меттиг ю хӀара кӀадбеллачарна садаӀа!» Амма царна ладогӀа ца лиира.

[13] ТӀаккха царна Везачу Элан дешнаш хӀорш хир ду: «Весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма». Уьш, дӀа а бахана, аркъал а кхетта, хӀаллакьхир бу, гура чу а нисбелла, дӀалоцур бу.

[14] Везачу Элан даше ладогӀа, кхаьрдаш болу куьйгалхой, Ярушалаймера оцу халкъана тӀехь олалла деш болу.

[15] Аша боху: «Ӏожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитӀедалар санна, чугӀиртича, иза тхуна тӀе кхочур дац, хӀунда аьлча оха харцонах тхайн дӀалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина».

[16] Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тӀе тӀулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тӀулг бу, ткъа иза соне буьхана дӀахӀоттийна бу. Цунах тешна Ӏаш верг ведда дӀаваха везаш вац.

[17] Бакъдолчух юстаран тӀийраг а, нийсонах гӀишло юстаран гирс а бийр бу Аса». Харцо дӀалечкъина меттиг къора тоьхна йохор ю, ткъа шу къайладахаран меттиг хиша дӀайохур ю.

[18] Аша Ӏожаллица а, эхартаца а бина барт бухур бу. Детташ долу серий, хитӀедалар санна, чугӀиртича, цо шу охьатухур ду.

[19] Юх-юха цо, шу охьа а тухуш, схьалоьцур ду. ХӀора Ӏуьйранна иза шуна тӀелетар ву. Дийнахь а, буьйсанна а иза тӀелетар ву. Везачу Элан хаамах шаьш кхетташехь, шу Ӏадийна лаьттар ду.

[20] ДӀавуьжу мотт боца хир бу – ког дӀахеца, юргӀа готта хир ду – цу юкъа хьарча.

[21] Веза Эла гӀоттур ву, Паруцим-лам тӀехь санна, Иза оьгӀазгӀур ву, ГавӀонан тогӀи чохь санна, Цо Шен шатайпа гӀуллакх дийр ду, вай кхеташ боцуш болу Шен болх бийр бу Цо.

[22] Шаьш кхин а чӀогӀа холчу ца хӀиттийта, кхаьрдачуьра совца дезаш ду шу. Суна хезна массо а ницкъийн Везачу Элера, хӀаллакдар дерриге а лаьттана хир ду аьлла.

[23] Дика ладогӀалаш ас бохучуьнга, тидам белаш сан къамеле.

[24] Гуттар а хуьлий латталелорхо охуш, хӀу тасархьама? Гуттар а хуьлий иза мекха такхош шен лаьтта тӀехь?

[25] ХӀан-хӀа. Латта шардинчул тӀаьхьа, цо оччаман а, цицийн а хӀуш тосу. МогӀарашкахь цо кӀа дӀадоь, билгалъяьккхинчу меттехь мукх дӀабоь, ткъа дозанашкахь Ӏов дӀайоь.

[26] И къепе Дала Ӏамайо цунна. Цо хьехам бо цу стагана.

[27] Ша оччам оруш цунна тӀе беза гӀирс ма ца туху, ткъа цицашкахула цергаш йолу керчол ма ца хохку латталелорхочо. Оччам, гӀаж а етташ, чкъоьргех дӀакъестайо, ткъа цицашна тӀе хьокха бен ца туху.

[28] Шех бепиг до ялта хьоьшуш ду, амма иза кхоччуш ара ца деза. Ялта ору чкъургаш лелайо цунна тӀехула, амма говрашца иза хьоьшуш дац.

[29] Берриге а ницкъийн Везачу Элера схьа ду иза: тамашийна бу Цуьнан хьехам, сийлахь ду Цуьнан хьекъалалла!

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters