[1] «Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса, Со ца лехначарна Со карийна. Сайн цӀаре доӀанца кхойкхуш доцчу халкъе: „Со кхузахь ву! Хьуна гӀо дан кийча ву!“ – баьхна Ас.
[2] Дийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Ӏийна Со.
[3] Даим цу халкъо юьхь-дуьххьал сийсазво Со, езачу бошмашкахь сагӀанаш а дохуш, кибарчигех кечйиначу меттигашна тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош,
[4] къуббанаш юкъахь а Ӏаш, къайлахчу меттигашкахь буьйсанаш а йохуш. Цара хьакхин жижиг а доу, хьарамчу кхачанах йина чорпа а ю церан еш чохь.
[5] Цара боху кхечаьрга: „Совца, суна тӀе ма дуьйла, со дукха веза ву шуна хьалха!“ Уьш Ас хьожа йоккхуш болу кӀур бу, дерриг а дийнахь йогуш йолу цӀе ю.
[6] ХӀара ду Суна хьалха яздина дерг: „Со вист ца хуьлуш Ӏийр вац, Ас бекхам бийр бу. Ас дӀалур ду царна
[7] цара а, церан дайша а летийнчу къиношна доггӀуш дерг, – боху Везачу Эло. – Цара лаьмнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора, гунаш тӀехь Со сийсазвохура. Цара хьалха лелийначу гӀуллакхашна доггӀург Ас токхур ду царна“».
[8] Иштта боху Везачу Эло: «Кемсийн хорханехь мутта долчу хенахь олу: „Йоха ма е иза, цхьадолу диканиг цунна чохь хила мега дела“. Изза дийр ду Ас Сайн ялхойн дуьхьа, массо а хӀаллак ца вархьама.
[9] Якъубах Ас тӀаьхье хуьлуьйтур ю, ЯхӀудан тайпанах Сан лаьмнаш кхочунверг схьаволуьйтур ву Ас. Ас хаьржинчеран долахь хир бу уьш, Сан ялхой Ӏийр бу цигахь.
[10] Суна уллохь хилар лоьхуш долчу Сан халкъан дуьхьа уьстагӀийн дежийла хир ю Шарон-аре, ткъа бежано садоӀу меттиг хир ю Ӏахур-тогӀи.
[11] Ткъа шу, Со дӀа а тесна, Сан беза лам биц а бина, Гада-цӀунна кхача кечбеш дерш а, Мени-цӀунна чагӀаран кад луш дерш а,
[12] Ас туьра кӀел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хӀунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгӀира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу».
[13] Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Ӏийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду,
[14] Сан ялхой самукъадоккхуш хир бу, ткъа шу эхьехь хир ду, Сан ялхоша эшарш лоькхур ю, дегнаш чохь хазахетар хиларна, ткъа аша маьхьарий хьоькхур ду, дегнаш чохь сингаттам хиларна, шу доьлхур ду, синош эшна хиларна.
[15] Аш йитина хир йолу цӀе неӀалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хӀаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цӀе туьллур ю Цо.
[16] Лаьтта тӀехь шена декъалвар доьхуш волчо бакъдолчун Дала ша декъалвар доьхур ду. Лаьтта тӀехь дуй бууш волчо а бакъдолчун Делах дуй буур бу, хӀунда аьлча хьалхалера сингаттамаш бицбина а, Сан бӀаьргашна хьалхара къайлабаьхна а хир бу».
[17] «Хьажал! Ас керла стигал а, керла латта а ду кхуллуш, ткъа хьалхалернаш дага а догӀур дац, даг тӀехь а хир дац.
[18] Ас кхуллуш долчух самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир ду шу гуттар а, хӀунда аьлча Ас кхуллуш йолу Ярушалаймах самукъадалар а хир ду, цуьнан халкъах хазахетар а хир ду.
[19] Ярушалаймах хазахеташ а, цуьнан халкъах самукъадаьлла а хир ву Со. Цу гӀали чохь кхин хезар дац белхар а, тийжам а.
[20] Цу чохь цхьадолчу деношкахь бен ца даьхна аганара бер хир дац, иштта шен денош кхачдалаза воккха стаг а хир вац. БӀе шо кхаьчна стаг велча, иза жима стаг ву моьттур ду. БӀе шо кхаьчна къинош летийнарг веллехьара, цунна неӀалт кхайкхийна моьттур дара.
[21] Уьш, цӀенош а деш, царна чохь Ӏийр бу, кемсийн бошмаш а югӀуш, церан стоьмаш бууш хир бу.
[22] Цара кхечарна чохь Ӏан цӀенош а дийр дац, кхечара царна тӀера кемсаш яа кемсийн бошмаш а югӀур яц. Сан халкъан денош, диттан денош санна, хир ду. Ас хаьржинчара еххачу хенахь шайн куьйгашца динчух пайда оьцур бу.
[23] Цара эрна къа а хьоьгур дац, шайна баланна бераш а дийр дац, хӀунда аьлча уьш а, цаьрца цхьаьна церан тӀаьхьенаш а Везачу Эло декъалдина халкъ хир ду.
[24] Цара кхайкхале, Ас жоп лур ду. Уьш къамел деш хир бу, ткъа Суна хӀинцале хезар ду.
[25] Борз а, Ӏахар а цхьаьна бежаш хир бу, лоьмо, старо санна, докъар дуур ду, ткъа лаьхьанна кхача латта хир ду. Цара зен а дийр дац, бохам а бийр бац берриг а Сан безачу лам тӀехь», – боху Везачу Эло.