Skip to content
Opens in a new window

[1] Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш хиллачул тӀаьхьа товелла аьлла шена хезна дела.

[2] Геланчаш хазахетарца тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а, герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь кхин мел карош дерг. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дисира.

[3] Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу Бавел-махкара баьхкинера», – аьлла.

[4] «Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» – аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус. «Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», – элира Хьузакх-ЯхӀус.

[5] ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, массо а ницкъийн Везачу Эло хӀун боху:

[6] „Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац, – боху Везачу Эло. –

[7] Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах“».

[8] Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters