[1] ХӀара бу Дамасакх-гӀаланах лаьцна болу хаам. «ГӀаланаш юкъара дӀайоккхур ю Дамасакх. Йоха а йина, херцораш бен юьтур яц цунах.
[2] ӀаруӀер-гӀалина гонах йолу гӀаланаш яссалур ю. Акха лелачу жашна юьсур ю уьш, дӀакъахко стаг а воцуш, уьстагӀий цигахь Ӏохкур ду.
[3] Эпрайм-махкара чӀагӀйина гӀаланаш къайлаевр ю, ткъа Дамасакх-гӀалара паччахьалла дӀадер ду. Араман къомах бисинчарна хир ду исраилхойн сийлаллина хилларг, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
[4] Оцу дийнахь иштта хир ду: Якъубан тӀаьхьенан сийлалла дӀаер ю. Хьийкъина дегӀ санна долу и халкъ азлур ду.
[5] Маьрсахочо, арахь лаьтта кӀа куьйгаца гул а дина, кенаш хедор санна хир ду иза. Репайм тогӀи чохь дисина кӀен кенаш гулдар санна хир ду иза.
[6] Зайт-дитташ тӀера стоьмаш охьаэгош санна, хир ду иза. Ши-кхо стом буьххьехь а, я биъ-пхиъ дикачу гаьннаш тӀехь а буьсур бу», – боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло.
[7] Цу дийнахь стеган хьажар ша Кхоьллинчуьнгахьа хир ду, цуьнан бӀаьргаш Исраилан Везачу Далла тӀехьажийна хир бу.
[8] Шайн куьйгашца кечйинчу сагӀа доккхучу меттигашка, гӀо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пӀелгашца динчуьнга – Ашера-далла лерина долчу дечиган бӀогӀамашка а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчашка а.
[9] Церан чӀагӀйина гӀаланаш, ясса а елла, хьаннашкахь а, лаьмнаш тӀехь а йолчу харцорех тера хир ю. Оцу гӀаланашна чуьра нах дӀабевдда, исраилхой махкана тӀелеттачу хенахь. Цигахь дерриге а дассийна хир ду.
[10] Иштта хир ду шуна шайн кӀелхьардовларан Дела вицваларна, Дела шун дӀалечкъийла йолу тарх хилар шуна дага ца дарна. Мелхо а, самукъадаккхаран бошмаш а кхиийна, хийрачу таьлланга тӀера маргӀалш доьгӀна аша.
[11] Шаьш маргӀалш дӀадугӀучу хенахь аша гӀайгӀа бира уьш кхиийта, Ӏуьйранна цаьрга заза даккхийтира аша, амма ялта гулдечу хенахь цунах хӀумма а хир яц – цамгар а, дӀа ца доьрзу лазарш а бен.
[12] ЛадогӀа! Дуккха а халкъийн гӀовгӀа ю! Ловзабаьллачу хӀордо санна, гӀовгӀа йо цара. Къаьмнийн угӀар ду! Сиха догӀучу доккхачу хин гӀовгӀа санна, ду церан угӀар.
[13] ГӀергӀаш догӀу доккха хи санна, угӀуш ду халкъаш. Дала човхийча, и къаьмнаш генна дӀадовду. Мохо лаьмнаш тӀехула идо екъа буц санна, йилбазмохо идо чан санна, лаьхкина лела уьш.
[14] Суьйре тӀееача, кхерам хӀутту, амма Ӏуьйре тӀекхачале мостагӀий дӀабевлла бу. Иштта хир ду вайх хӀонс оьцучарна, и кхаж бер бу вайна талор дечарна.