Skip to content
Opens in a new window

[1] ХӀара бу Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Бавелах лаьцна гучубаьккхина болу хаам.

[2] «Берзинчу лам тӀехь байракх айа, айинчу озаца тӀемалошна омра де. Куьг ластаде цаьрга, уьш хьолахойн кевнашна чугӀортийта.

[3] Айса дӀакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тӀемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла.

[4] ЛадогӀа, лаьмнашкахь гӀовгӀа хезаш ю – адамийн йоккхачу тобанан гӀовгӀа! ЛадогӀа, пачхьалкхашна юкъахь гӀовгӀа хезаш ю – къаьмнаш цхьаьнакхетаран гӀовгӀа! Массо а ницкъийн Веза Эла доккха эскар хӀоттош ву, тӀом бархьама.

[5] Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогӀуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хӀаллакдархьама.

[6] Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.

[7] Цундела массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду.

[8] Уьш кхерабелла хир бу, чӀогӀачу лазарша дӀалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш.

[9] ХӀинца оьгӀазаллица а, йогучу дераллица а тӀедогӀуш ду Везачу Элан буьрса де. Лаьттах яьсса аре ян а, цу тӀера къинош летийнарш дӀабаха а догӀуш ду и де.

[10] Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагӀоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц.

[11] Ас дуьненна таӀзар дийр ду цо динчу вонна дуьхьал, ткъа Ӏесачарна шаьш летийначу къиношна доггӀург дийр ду. Ас курачийн дегалла дӀайойур ю, ницкъбечеран деза деттар сийсаздийр ду.

[12] Дийна бисина нах цӀеначу дешил сов кӀезиг хуьлуьйтур бу Ас, Апарера деъначу дешил а кӀезиг адамех диснарш дийр ду Ас.

[13] Берриг а ницкъийн Везачу Элан дералла бахьана долуш, Цуьнан чӀогӀачу оьгӀазаллин дийнахь, Цо стигал ластор ю, латта а ша долчуьра меттахдер ду.

[14] ТӀаккха хӀорра а, эккхийна сай санна, дӀатесна дитина уьстагӀий санна, шен халкъана тӀе гӀур ву, шен махка водур ву.

[15] Амма каравеъначунна гоьмукъ чекхбоккхур бу, схьалаьцнарг туьро вожор ву.

[16] Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цӀеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу.

[17] Ас царна дуьхьал мадайхой бохур бу, ткъа цара дети а ца лору, иштта деших а дезар ца оьцу.

[18] Церан Ӏедаша кегий нах эгор бу. Аганара бераш а кхоадийр дац цара, берех а къинхетам бийр бац цара.

[19] Бавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гӀала, Седам а, Ӏамор а санна, Дала хӀаллакйийр ю.

[20] Абаден абаде даллалц, бахархой хир бац цунна чохь, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь цигахь стаг Ӏийр вац. Ӏаьрбичо шен четар а хӀоттор дац цигахь, шайн жеца садоӀуш Ӏуй а Ӏийр бац.

[21] Амма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦӀенош бухӀанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю.

[22] Акха жӀаьлеш угӀур ду дӀатесна йолчу цуьнан бӀаьвнашкахь, ткъа чангӀалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гӀаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац».

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters