Skip to content
Opens in a new window

[1] Хьалдолу Эла волу берриге а ницкъийн Веза Эла Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а массо а тайпана гӀо а, гӀоьнча а дӀаваккха хӀутту. Цо дӀабоккхур бу баьпкаца а, хица а бина кечам а,

[2] турпалхо а, тӀемало а, кхелахо а, пайхамар а, пал тосург а, воккха стаг а,

[3] тӀеман хьаькам а, цӀеяхана верг а, хьехамча а, говза пхьар а, молханаш лелош верг а.

[4] Везачу Эло бераш хӀиттор ду, церан хьаькамаш хилийтархьама. КӀентий хир бу царна тӀехь олалла деш.

[5] Халкъана юкъахь цхьаммо вукхунна а, стага уллорачунна а гӀело йийр ю. Жимачо воккханиг лоруш хир вац, ладамбоцучо – лараме верг.

[6] ТӀаккха стага, шен ден доьзалехь волу ваша схьа а лаьцна, цуьнга эр ду: «Хьан тӀехулара бедар ю, тхан баьчча а хилий, хӀокху саьлнийн дола дехьа».

[7] Амма цо чӀагӀонца эр ду: «Соьга хӀумма а нислур дац нахана юкъахь, сан чохь бепиг а дац, тӀехулара бедар а яц, сох халкъан баьчча ма велаш».

[8] Иштта Ярушалайм техкаш ю, ЯхӀудан халкъ дужуш ду! Цара мел олург а, дийриг а Везачу Элана дуьхьал ду. Цуьнан сийлаллица Иза хьоьжуш хилар дола хета царна.

[9] Церан яххьаша гойту уьш бехке хилар, шайн къинах лаьцна цара, ца лечкъош, седамхоша санна, дуьйцу. Къа ду церан! Шаьш шайна бохам бо цара.

[10] Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хӀунда аьлча ша динчу дикачу гӀуллакхех пайда оьцур бу цо.

[11] Ткъа Ӏесачун къа ду, хӀунда аьлча ша динчу вочу гӀуллакхашна бекхам хир бу цунна.

[12] Бераша санна, куьйгалхоша сан халкъана гӀело йо, зударша санна, олалла а до цунна тӀехь. Ва сан халкъ! Хьан баьччанаша Ӏехадо хьо, нийсачу новкъара даьккхина хьо цара.

[13] Кхел ян гӀаьттина Веза Эла, Иза лаьтташ ву халкъашна кхел ярхьама.

[14] Кхел а еш, Шен халкъана юкъара баккхий берш а, баьччанаш а бехкебо Везачу Эло: «Сан кемсийн беш санна токхе долу къам дассийнарг шу ма ду! Мискачарах лачкъийна хӀонсах шун цӀенош дуьзна ма ду!

[15] Сан халкъ хьийзо а, мискачарна ницкъ бан а, шуна бакъо хьан елла?» – боху берриг а ницкъийн Хьалдолчу Эло.

[16] Везачу Эло элира: «Цийонан зударий, ца бешаш, кортош а айина, бӀаьргаш а кхерстош, курачу боларца когаш тӀера зӀенаш а екош, лела.

[17] Цийонан зударийн кортошна тӀехь чераш хуьлуьйтур ду Хьалдолчу Эло, церан хьаьжнаш дерзина дохуьйтур ду Везачу Эло, уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош».

[18] Цу дийнахь Везачу Эло хаза хӀуманаш цаьргара дӀайохур ю: когаш тӀера хаза зӀенаш а, коьртан бехчалгаш а, беттан суьртехь тӀеухку хӀуманаш а,

[19] лергах ухкургаш а, хӀазарш а, кирхьанаш а, йовлакхаш а, когийн туьтеш а, доьхкарш а, духӀи чохь долу шишанаш а, молханаш а,

[20] пӀелгах а, мерах а юхку чӀагарш а,

[21] тӀехулара а, чухулара а бедарш а, кирхьанаш а, бохчанаш а,

[22] сирла а, дуткъа а кӀадеш а, таьжнаш а, корталеш а.

[23] Хаза хьожа йогӀучу хӀуманан метта боьха хьожа йогӀу хӀума хир ю, доьхкаран метта муш хир бу, хьийзинчу месийн метта – кӀунзал, синкъераман бедаран метта – сингаттаман духар, хазаллин метта хӀост хир ду.

[24] Хьан божарий туьро эгор бу, тӀамехь турпалхой лийр бу.

[25] ГӀалин кевнийн бӀогӀамаша гӀайгӀа йийр ю, уьш тийжаш а хир ду. Ша гӀала, ерзина зуда санна, яссийна лаьттахь Ӏаш хир ю.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters