[1] Везачу Эло боху: «Къа ду Ариалан, шена чохь Дауда меттамотт хӀоттийначу гӀалин! Цхьа шо вукху шаре далийта, цхьана шера чуьра деза денош даздайта.
[2] Амма Аса гӀайгӀа йойтур ю Ариале, белхар а, латкъам а хир бу цигахь. Иза Суна сагӀа доккхучу кхерчан юкъ санна хир ю.
[3] Хьуна гонах меттаметтанаш дӀахӀиттор ду Аса, тӀеман бӀаьвнашца хьуна го а лаьцна, схьалацаран гӀирсаш хьуна дуьхьал ирахӀиттор бу.
[4] Хьо сийсазйина хир ю, лаьттара схьа къамел дийр ду ахьа. Хьан къамел лаьттан чена бухара схьа хезаш хир ду, гӀалартан санна, хир ду хьан аз, чена кӀелхьара шабар-шибар хир ду ахьа бохуш дерг.
[5] Кегийра чан санна, дукха хир бу хьан мостагӀий, къизачийн бӀош дӀасакхийсина кегаш санна хир бу. ЦӀеххьана а, бӀаьрган негӀар тухучу юкъана а
[6] массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чӀогӀачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дӀакхоллучу цӀерца а гӀо дийр ду хьуна.
[7] ТӀаккха Ариална дуьхьал тӀом беш долчу къаьмнийн массо бӀош а, цунна а, цуьнан чӀагӀонашна а тӀелеташ болу мостагӀий а, цунна гӀайгӀа йойтурш а чехка, набарх а, буьйсанан гӀенах а санна, къайлабевр бу.
[8] Меца волчунна ша хӀума юуш гӀан го, амма, самаваьлча, иза меца хуьлу, хьогах волчунна ша хи молуш гӀан го, амма, самаваьлча, иза хьогах хуьлу. Иштта хир ду Цийон-ломана дуьхьал тӀом бечу массо а къаьмнийн бӀошна».
[9] Инзар а довла, тамаш а бе. Шаьш бӀаьрзе а де, бӀарзделла а хила. Уьш бехна бу, амма чагӀаро ца дина иза, уьш лесташ бу, амма нихано ца дина иза.
[10] Везачу Эло шуна чӀогӀа наб яийтина. Цо дӀакъевлина шун бӀаьргаш (уьш пайхамарш бу), Цо дӀахьулдина шун кортош (уьш хиндерг гушберш бу).
[11] Делера болу муьлхха а хаам шуна мухӀар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хӀунда аьлча и тептар мухӀар тоьхна ду».
[12] Деша ца хуучуьнга дӀа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Суна деша ца хаьа».
[13] Хьалдолчу Эло элира: «ХӀара халкъ баганца Суна тӀекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Ӏамийна долу парз бен дац.
[14] Цундела Аса кхидӀа а оцу къомана инзаре хӀуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Ӏаламат тамашийна гӀуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац».
[15] Къа ду шайн дагахь дерг Везачу Элах лачкъо гӀертачийн, цара боданехь до шайн зуламе гӀуллакхаш: «Вай хьанна го? Вай дийриг хьанна хаьа?» – бохуш.
[16] Ма дуьхьлара ойла ю иза! Поппар а, кхийра пхьегӀа ен пхьар а цхьаъ лара мегар ду ткъа? ХӀумано ша йинчух лаьцна: «Цо ца йина со», – эр дуй? Ша кхоьллинчух лаьцна: «Иза цхьанна а хӀуманах кхеташ вац», – эр дуй хӀумано?
[17] Кхин а жимма хан яьлча, Ливанунах беш хир яц, ткъа и беш, хьун санна, лорур яц?
[18] Цу дийнахь къорачарна тептар тӀера дешнаш хезар ду, Ӏаьржачу боданах паргӀат а баьккхина, бӀаьрзечеран бӀаьргашна са гур ду.
[19] Везачу Эло хазахетар лур ду шаьш кӀезиг хетачарна, мисканаш баккхийбеш хир бу Исраилан Везачу Делах,
[20] хӀунда аьлча кхин хир вац къизаниг, кхаьрдаш берш а дӀабевр бу, зуламна тӀехӀиттинарш а хӀаллакбийр бу.
[21] Цу наха дешнашца стаг галвоккху, гӀалин кевнехь гӀуллакх къастош волчунна кӀело йо, эрначу къамелца нийса верг дӀатотту.
[22] ИбрахӀим кӀелхьарваьккхинчу Везачу Эло иштта боху Якъубан тӀаьхьенах лаьцна: «Якъубан тӀаьхье кхин юьхьӀаьржачу хӀуттур яц, цуьнан юьхь кхин макхлур яц.
[23] ХӀунда аьлча Аса кхоьллина долу шен бераш шена гича, Якъубан тӀаьхьено еза лорур ю Сан цӀе. Якъубан Веза Дела цара веза лорур ву, Исраилан Далла хьалха уьш ларамах буьзна хир бу.
[24] ТӀаккха са акха долучаьрга хьекъалалла дуссур ду, аьрхачарна ладугӀуш хила Ӏемар ду».