[1] ХӀара бу доккхачу хин йистехь йолчу яьссачу аренах болу хаам. Къилберачу аренгахь хьоькху йилбазмехаш санна, чугӀерташ бу яьссачу арара, кхерам тосуш болчу махкара.
[2] Буьрса сурт ду суна гайтинарг: ямартхо ямартло еш ву, талорхо талор деш ву. Ӏейлам, тӀамца тӀегӀо цунна! Мадай, цунна го бе! Везачу Эло узарш дӀасацор ду.
[3] Оцу балхо Ӏадийначу сан дегӀан меженаш егош ю, беро хьийзочу зудчун санна, лазарш ду сан. Сайна хезаш долчо синтем байина сан, гуш долчо вохийна со.
[4] Сан дог холчохь ду, кхерамна со вегош ву. Суна езначу маьркӀаженах къемат хилла суна.
[5] Той кечдеш, охьаховша кузаш даржош – дууш а, молуш а бу нах. «ХьалагӀовтта, хьаькамаш, турсаш тӀе силам хьакха!»
[6] ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта аьлла соьга: «Ваха а гӀой, хехо хӀоттаве. Шена гуш дерг схьадийцийта цуьнга.
[7] Говрашна а, варрашна а, эмкалшна а тӀехь, шишша цхьаьна улло а хӀиттина, богӀу дошлой шена гича, цуьнга леррина ладогӀийта а, чӀогӀа тидам байта а».
[8] Хехочо мохь хьаькхира: «Сан олахо! БӀаьвнехь лаьтташ ву со де дийне мел дели, иштта хӀора буса а ха деш ву со.
[9] Шишша цхьаьна хӀиттина богӀуш дошлой а, схьабогӀуш нах а бу». Цул тӀаьхьа цо элира: «Бавел-гӀала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Ӏохкуш ду».
[10] Эринчу ялтех тера долу сан халкъ! Берриге а ницкъийн Везачу Элера, Исраилан Делера, сайна хезнарг шуьга дӀакхайкхийна ас.
[11] ХӀара бу тийналлин махках болу хаам. СеӀир-мехкашкара схьа мохь бетта соьга: «Хехо! Буьйсанан мел хан йисина? Хехо! Буьйсанан мел хан йисина?»
[12] Хехочо жоп ло: «Ӏуьйре ю тӀейогӀуш, амма иштта буьйса а ю. Нагахь шайна лаахь, кхин цкъа схьа а дуьйлий, соьга хатта».
[13] ХӀара бу Ӏаьрби-махках болу хаам. Дадданхойн къепалш, Ӏаьрби-махкарчу боьлакашкахь буьйса яккха дезар ду аша.
[14] Тейма-махкара бахархой! Хьогах болчарна дуьхьал хи хьо, шайн махкара бевдда богӀучу нахана баьпкаца дуьхьалдовла,
[15] хӀунда аьлча уьш даьхначу таррех а, озийначу Ӏедех а, тӀеман къизаллех а бевдда боьлху.
[16] Хьалдолчу Эло элира соьга: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, цхьа шо далале, Къедаран тайпанан сийлалла ерриг а чекхъяьлла хир ю.
[17] Къедархойн майра тӀемалой болчу Ӏадкхуссурхойх кӀеззиг берш бен дийна буьсур бац», – боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло.