[1] Цу дийнахь Везачу Эло Шен чӀогӀачу а, доккхачу а, нуьцкъалчу а туьраца таӀзар дийр ду Левиятан цӀе йолчу а, текхаш а, хьийзаш а болчу лаьхьанна. ХӀордан и саьрмик буьйр бу Цо.
[2] Цу дийнахь токхечу кемсийн бешах илли ала:
[3] «Со, Веза Эла, цуьнан хехо ву, Аса шен хеннахь хи туху цунна. Дийнахь а, буса а иза ларйо Аса, цхьаьнгге а цунна зе ца дайта.
[4] Оцу бешана йолу дералла Соьгахь кхин яц. Амма цхьаболчара, Суна дуьхьало еш, цу бешахь баьӀаш долу коьллаш йогӀахь, Аса, тӀамца царна дуьхьал а ваьлла, цӀе тосур яра царах массарах.
[5] Амма цхьаъ, Соьгара гӀо а эшна, Соьца барт бан вагӀахь, бе Соьца барт».
[6] ТӀедогӀучу деношкахь Якъубан тӀаьхьено, орамато санна, орамаш арахоьцур ду, Исраилан къомо заза доккхур а ду, дерриге а латта стоьмех хьаладузур а ду.
[7] Шен халкъана ницкъ бечарна Ша таӀзар ма-дарра, таӀзар дорий те Везачу Эло Исраилна? Иза хӀаллакдеш хилларш хӀаллакбина ма-хиллара, халкъ хӀаллакдорий те Цо?
[8] Веза Эла, леррина а оьзна, Ахьа таӀзар дира цунна, цуьнца долу гӀуллакх къаста а дина, Ахь иза йийсаре дӀадигийтина. Малхбалера мох хьокхучу дийнахь санна, Ахь иза, Хьайн чӀогӀа хӀо а хьаькхна, дӀаэккхийна.
[9] Якъубан тӀаьхьенан къа иштта дӀадоккхур ду, цуьнан харцонаш дӀаяхархьама иштта мах дӀабала безаш бу: сагӀа доккху меттигашкахь лелош долчу тӀулгех халкъо жагӀанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахедийна Ӏохкур ду, ткъа цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчаш, дохийна, дӀадохур ду.
[10] ЧӀагӀйина гӀала яссалур ю, цуьнан хӀусамаш дӀатесна хир ю, яьссачу арахь санна, адамаш а доцуш. Эса дежар ду цу меттехь, циггахь садоӀуш а, гаьннаш тӀера гӀаш дууш а хир ду иза.
[11] Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хӀуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац.
[12] Цу дийнахь Везачу Эло шу, Эпрат-хи тӀера Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе кхаччалц, кӀа санна, ирхдугӀур ду, ткъа шу, исраилхой, тӀаьхь-тӀаьхьа гулдина хир ду.
[13] Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маӀа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогӀур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тӀехь Везачу Элана хьалха суждана гӀур бу уьш.