[1] Къа ду хьан, халкъ, чӀана даьккхина доцу чӀана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чӀана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чӀана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло.
[2] Веза Эла! Къинхетам бехьа тхох, Хьох ю-кха тхан дегайовхо. Лардехьа тхо хӀора дийнахь, кӀелхьар а дахахьа, хала хан тӀееача.
[3] ЧӀогӀа гӀовгӀа хезча, халкъаш дӀадовдур ду. Хьо хьалагӀаьттича, къаьмнаш дӀасадаьржар ду.
[4] Аша дӀаяьккхина хӀонс, цӀазо дӀакхаьллича санна, дӀалахьор ю, цӀазийн жӀуга тӀелетча санна, шун хьолана тӀелетар бу.
[5] Ма сийлахь ву лакхахь Ӏаш волу Веза Эла! Нийсо ярх а, бакъдерг лелорах а хьалаюзур ю Цо Цийон.
[6] Веза Эла халкъан заманашкахь чӀогӀалла хир ю. Цо алссам кӀелхьардахар лур ду, хьекъалалла а, вовзар а луш. Везачу Элана хьалха ларамах дуьзна хилар – иза халкъан хазна хир ю.
[7] Хьовсал, церан майра къонахий урамашкахь, гӀо доьхуш, маьхьарий хьоькхуш бу, ткъа машарна арабевлла векалш къаьхьа боьлхуш бу.
[8] Некъаш а дассаделла, дӀасалелаш некъахой а бац. Барт а бохийна, цуьнан тешаш а емалбина бу, цхьа а вац лоруш.
[9] Латта гӀайгӀа а еш, гӀел а луш Ӏуьллу. Ливанунан хьаннаш тӀе эхь деана а, маргӀалйоьлла а ю. Шарон-тогӀи яьссачу аренах таръелла. Башан-мохк а, Кармал-лам а дерзина девлла, шайн дитташ тӀера гӀаш охьа а эгна.
[10] «ХӀинца Со гӀоттур ву, – боху Везачу Эло. – ХӀинца Со лекха а, веза а хилар гойтур ду Ас.
[11] Аш хӀиттош йолу Ӏалашонаш эрна ю, хӀора аш деш долу гӀуллакх пайденна дац. Шун садеӀар шу дӀакхоллу йолу цӀе ю.
[12] Кхехкаш болу кир санна, халкъаш дохийна хир ду, хедийна коканан коьллаш санна, цӀерга кхуьссур ду уьш.
[13] Аша, генарчара, ладогӀа Ас динчуьнга, ткъа шуна, уллорачарна, бовза Сан ницкъ!»
[14] Цийон-лома тӀехь болу къинош летийнарш кхералуш бу, Ӏеса нах бегош бу: «Вайх мила Ӏалур ву дерриг а дӀакхоллучу цӀерана уллохь? Вайх мила Ӏалур ву йовр йоцучу цӀерана уллохь?»
[15] Нийсонца а лелаш, бакъдерг дуьйцург а, харцо а лелийна, стагера хӀума ца йоккхург а, кхаъ эцарх шен куьг лардийриг а, адам ден барт беш ца хазийта лергаш дӀакъовлуш верг а, зулам деш ца гайта бӀаьргаш дӀакъовлуш верг а ву –
[16] иштта волу стаг лакхенашкахь Ӏаш хир ву, иза къайлаваьлла меттиг лаьмнийн гӀап хир ю. Цунна бепиг а латтор ду, хих а хедар вац иза.
[17] Хьан бӀаьргашна паччахь гур ву шен хазаллехь, гена кхочуш долу латта а гур ду.
[18] Хьуна дагахь лаьттар ду хьалха хилла Ӏазапаш: «Мичахь ву адамаш дӀаяздеш лелларг? Мичахь ву ял йоккхуш верг? Мичахь ву бӀаьвнаш лоруш верг?»
[19] Хьуна кхин гур дац Ӏаьржа а, ца кхеташ а долу къамел а, тамашийна а, ца бевзаш а болу мотт буьйцу дегала халкъ.
[20] Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гӀалане Цийоне дӀахьажал. Хьан бӀаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чӀагӀдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац.
[21] Цигахь Сийлахь волу Веза Эла вайна шуьйра хиш а, Ӏовраш а санна хир ву. МостагӀийн пийсакашца лелош долу а, четарца лелош долу а хинкеманаш чудогӀур дац цига.
[22] ХӀунда аьлча Веза Эла вайн кхелахо ву, Веза Эла вайн Ӏедал кхоллархо ву, Веза Эла вайн паччахь ву. Цо кӀелхьардохур ду вай.
[23] МостагӀчун машшаш лагӀделла, цаьрга мачтанаш а ца латтало, четарш а ца лелало. ТӀаккха йоккха хӀонс екъар хир ду, ур-атталла астагӀчара а схьаяьхна хӀуманаш дӀаяхьар ю.
[24] Цийонехь Ӏаш волчо цхьаммо а эр дац: «Со цомгуш ву». Цигахь бехаш болчеран массеран а къиношна гечдина хир ду.