Skip to content
Opens in a new window

[1] Цу дийнахь ЯхӀуд-махкахь йиш локхур ю: «Тхан гӀала чӀогӀа ю. Гонах долу пенаш санна а, арахула йолу чӀагӀонаш санна а, Везачу Эло тхуна кӀелхьардовлар ло.

[2] ДӀаделла кевнаш, Везачу Элан лаамехь долу, Далла тешаме долу халкъ чудаийта.

[3] Шен дагахь дерг чӀагӀдийриг Ахь буьззинчу синтемехь ларвийр ву, хӀунда аьлча иза Хьох тешна Ӏаш ву.

[4] Массо а хенахь Везачу Элах тешна Ӏаш хила, веккъа Веза Эла гуттаренна а йолу тарх санна волу дела.

[5] Лакхахь Ӏаш берш Цо лахбира, лакхахь йолу гӀала Цо лахйира. Лаьтта тӀекхаччалц иза йохийра, ченала Цо и гӀала йожийтира.

[6] ГӀело хьегначийн гӀулчаша а, мискачу нехан когаша а хьоьшуш ю и гӀала.

[7] Хьан лаамехь волчун некъ нийса бу, Веза Эла, Ахьа нисдо цуьнан некъан тача.

[8] Ахь тӀедехкинаршца а лелаш, Веза Эла, Хьоьга хьоьжу тхо. Хьан цӀе дагахь латто а, Хьо хьехо а бен тхан лаам бац.

[9] Сан са буьйсанна Хьо волчу гӀерта, ткъа Ӏуьйранна даго сан кийрахь Хьо лоьху. Хьан кхел лаьтта тӀехь кхочушхилча, дуьнен тӀехь бехачарна нийсо Ӏема.

[10] Ӏесачу стагах къинхетам бича, цунна нийсо Ӏемар яц. Везачу Элан возалле ца хьожуш, Делан лаамехь болчеран лаьтта тӀехь зуламаш лелор ду цо.

[11] Хьан куьг лаккха хьалаайина ду, Ӏесачу нахана таӀзар дархьама, Веза Эла, амма царна иза ца го. Хьайн халкъе болу кӀорга безам гайтахьа, цунна эхь хетийтархьама. Хьайн мостагӀашна леринчу цӀеро берриш а дӀакхоллийла Ӏесанаш!

[12] Веза Эла! Ахьа синтем дӀахӀоттабо тхуна. Оха мел динарг Ахь тхуна кхочуш ма дина.

[13] Тхан Веза Дела! Хьо воцург, кхин олахой а хилла тхуна тӀехь куьйгалла деш, амма Хьан цӀерана бен оха хастам ца бо.

[14] И белла олахой денлур бац, церан синош гӀовттур дац. Царна таӀзар а дина, Ахь уьш хӀаллакбина. Царах йолу эсс Ахь ерриг а йохийна.

[15] Ахьа халкъ дебийна, Веза Эла. Халкъ а дебийна, Хьайн сий айина Ахьа, лаьттан дозанаш шордина.

[16] Веза Эла! Халачу муьрехь Хьан халкъо Хьо лоьхура, Хьан таӀзар ша ловш тийна доӀанаш дора цо.

[17] Берах йолчу зудчо, бер хуьлу хан тӀе а кхаьчна, лазарша ша хьийзош, мохь хьоькхуш санна, дара тхо Хьуна хьалха, Веза Эла.

[18] Берах долуш санна, бала а хьоьгуш, оха дуьнен тӀе доккхург, мох санна, даьсса хӀума ду. Лаьттана кӀелхьардалар а ца делла оха, дуьненан бахархой а ца эгийтина оха.

[19] ХӀетте а, Хьан белларш денлур бу, Хьан халкъан декъий гӀовттур ду! Ченахь мел Ӏохкуш берш, гӀовттий, хазахетарца мохь хьекха! Ӏуьйренан Хьан тхи – иза денлуш долу тхи ду, Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тӀе дожадо».

[20] ДӀагӀо, сан халкъ, хьайн хӀусамаш чу а гӀой, неӀарш дӀакъовла. Цхьана ханна къайладала, Делан оьгӀазалла дӀаяллалц.

[21] ХӀунда аьлча Веза Эла ву Шен хӀусамера араволуш лаьтта тӀехь бехачарна таӀзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тӀехь Ӏанийна долу цӀий, кхин къайлабохур бац байина нах.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters