Skip to content
Opens in a new window

[1] Юшайн юьхках зӀийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду.

[2] Везачу Элан Са цунна тӀехь Ӏийр ду. Оцу Сино цунна хьекъал а, кхетам а лур бу, Цо хьехам а, ницкъ а лур бу, Цуьнгахула цунна Веза Эла вевзар а ву, Цунна хьалха ларамах вуьзна а хир ву.

[3] Веза Эла ларар цунна тамехь хир ду. БӀаьргашца гиначуьнга хьаьжна, цо гӀуллакх къастор дац, лергашца хезначуьнга хьаьжна, цо нахана кхел йийр яц.

[4] Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гӀело хьоьгучеран гӀуллакх догцӀеналлица къастор ду цо. ГӀаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Ӏаьнарца цо Ӏесанаш бойур бу.

[5] Нийсо цуьнан хенаш тӀера доьхка санна хир ю, тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду.

[6] ТӀаккха борз Ӏахарца цхьаьна Ӏийр ю, цӀокъ буьхьигна уллохь Ӏуьллур ду, эса а, къона лом а, дерстина даьхни а цхьаьна хир ду. Жимачу беро лелор ду уьш.

[7] Етт стечу ченаца цхьаьна бежар бу, церан кӀорнеш цхьаьна Ӏохкур ю, лоьмо, старо санна, ча дуур ду.

[8] Бер лаьхьанан Ӏуьрга уллохь ловзур ду, цо шен куьг цуьнан бенна тӀе кховдор ду.

[9] Берриг а Сан безачу лам тӀехь зен а, зулам а хир дац, хӀунда аьлча, хино хьалабузу хӀорд санна, Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта.

[10] Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Ӏаш волу меттиг сийлалла хир ю.

[11] Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дӀакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатӀрус-махкара а, Хуша-махкара а, Ӏейлам-махкара а, ШанӀар-махкара а, Хьамат-гӀалара а, хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало.

[12] Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дӀалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дӀасабаржийна яхӀудхой дуьненан еа а маьӀӀера схьакхойкхур бу.

[13] Эпрайман хьагӀ а дӀаер ю, ЯхӀудан мостагӀалла дӀахедар ду. Эпрайман ЯхӀуде хьагӀ хир яц, ЯхӀуда Эпраймана мостагӀалла лелор дац.

[14] Эпрайман а, ЯхӀудан а къам, малхбузехьа а дахана, пӀелаштамхошна тӀелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Ӏамминан халкъ муьтӀахь хир ду цушинна.

[15] Мисаран хӀордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тӀехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхӀ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кӀархаш а буьйхина, дехьавалалур ву.

[16] ТӀаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters