[1] Цу дийнахь ворхӀ зудчо, цхьа стаг схьа а лаьцна, эр ду: «Тхайн бепиг дуур ду оха, тхайн духар а лелор ду, ахь хьайн цӀе лелаяйтахь тхоьга тхаьшна тӀера эхь дӀадаккха».
[2] Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зӀийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна.
[3] Цийонан гӀалахь бисначех а, Ярушалаймехь дийна бисначех а – Ярушалайм-гӀалахь дахарна дӀакъастийначех массарех а – Дала базбинарш эр ду.
[4] Иза иштта хир ду, Хьалдолчу Эло Цийонан зударий цӀена ца хилар дӀадаьккхича, Ярушалайм цунна тӀерачу цӀийх дӀацӀанйича. Цо иза дийр ду кхел яран а, цӀеран а синца.
[5] Берриг а Цийон-лома тӀехула а, цунна тӀехь мел гулбинчу нахана тӀехула а Везачу Эло дийнахь кӀуьран марха а, буьйсанна сирла йогуш цӀе а латтор ю. Делан ерриге а сийлаллина тӀехь марханан кхалор хир ю.
[6] Цу кхалоро дийнахь йолчу йовхонах дӀалачкъа ӀиндагӀ лур ду, ткъа догӀанах а, дарцах а къайлавала иза бун санна хир ю.