Skip to content
Opens in a new window

[1] «Синтем луо, синтем луо Сан халкъана, – боху шун Дала. –

[2] ДӀаала Ярушалайме эсала, дӀахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дӀабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таӀзар тӀеэцна цо дерриг а шен къинойх».

[3] Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача!

[4] ХӀора тогӀи хьалайоккхур ю, хӀора лам а, гу а лахабоккхур бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду.

[5] Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю, ткъа дерриге а адамашна иза гур ю, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза».

[6] Озо боху: «ДӀакхайкхаде!» Ас хоьтту: «ХӀун кхайкхо деза ас?» «Кхайкхаде, хӀора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю.

[7] Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу, Везачу Эло царна тӀе мох тоьхча. Баккъалла, буц санна, адамаш а ду.

[8] Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу, амма вайн Делан дош гуттар а лаьтташ ду».

[9] Хаза кхаъ бахьаш йолу Цийон, лекхачу лам тӀе хьалаяла! Хаза кхаъ бахьаш йолу Ярушалайм, хьайн аз айдеш, дӀаала чӀоггӀа! ДӀаала, ма кхера! ЯхӀуд-мехкан гӀаланашка дӀаала: «Хьажал, шун Дела схьавогӀуш ву!»

[10] Хьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогӀуш ву, Цуьнан куьг ду урхалла деш. Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю.

[11] Цо Ӏалашдийр ду Шен жа, Ӏуьно санна. Ӏахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Ӏалашдийр ду Цо.

[12] Канашкахь хи хьан дуьстина, я, ше а лоцуш, стигал хьан юьстина? Лаьттан чан тускар чу хьан ерзийна, я лаьмнаш а, гунаш а терзан тӀехь хьан оьзна?

[13] Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнан хьехамча санна хьан Ӏамийна Иза?

[14] Хьанах дагаваьлла Веза Эла? Мила ву Цунна къастор луш а, Иза нийсачу новкъа воккхуш а? Мила ву Иза кхетош а, Цунна кхетаман некъ гойтуш а?

[15] Везачу Элана халкъаш хӀумма а йоцург ю, хин тӀадамал бен дац уьш Цунна. Терзанна тӀера ченан буьртиг санна ду уьш. ГӀайренаш, хӀур санна, хьалаойу Цо.

[16] Ливанунан хьаннаш тоьуш яц, Цунна догӀуш долу сагӀанаш цӀера тӀехь даккхархьама. Цигара долу бежанаш а тоьуш дац Цунна догӀуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина.

[17] Дерриг а халкъаш Цунна хьалха хӀумма а яц. Уьш хӀумма йоцучу хӀуманал кӀезиг а, даьсса а лоруш ду Цуьнан.

[18] Иштта, хьаьнца вустур вара аш Дела? Цуьнца юста хӀун кеп хир яра шун?

[19] ЦӀунах лаьцна аьлча, пхьеро иза эчигах вутту, ткъа дашо пхьеро цунна тӀе деши а дуьллу, дато зӀенашца иза кеч а во.

[20] Иштта совгӀат дан къен волчо ца телхаш долу дитт хоржу. Цо, говза пхьар а лохий, цуьнга охьа ца вужу волу цӀу войту.

[21] Шуна ца хаьара? Шуна ца хезнера? Юьххьенца дуьйна аьлла дацара шуьга? Латта кхоьллинчхьана дуьйна ца кхеттера шу?

[22] Лаьттан гон тӀехула йолчу Ӏарш тӀехь Ӏаш ву Иза, адамаш цаьпцалгаш санна ду Цунна хьалха. Цо стигал дӀасаяржийна, дуткъа кӀади санна, чохь Ӏан дина четар санна, дӀахӀоттийна иза.

[23] Цо баьччанех хӀумма а йоцург йо, кху лаьттан куьйгалхой тӀепаза бойу.

[24] Уьш дӀа ма-дийггӀи, уьш дӀа ма-дий, цара орамаш ма-хийцци, Везачу Эло царна тӀе Ӏаь туху, уьш маргӀал а дулу, ткъа мохо уьш, ча санна, дӀахьо.

[25] «Со хьаьнца вустур ву аш? Мила ву Соьга кхочуш?» – боху Везачу Дала.

[26] Шайн бӀаьргашца стигала хьалахьовсал! Хьан кхоьллина и дерриге а седарчий? Эскар санна цхьацца арадоккхучо уьш кхоьллина. Цунна церан хӀораннан цӀе хаьа. Цуьнан ницкъ сел боккха хиларна, царах цхьа а вовш вац.

[27] Ахь хӀунда боху, Якъуб, арз хӀунда до, Исраил: «Сан некъ Везачу Элах лачкъийна бу, сан гӀуллакх Далла дицделла», – бохуш?

[28] Хьуна ца хаьа? Хьуна ца хезна? Веза Эла гуттар а волуш волу Дела ву. Цо лаьттан йистош кхоьллина. Иза цкъа а кӀад а ца ло, хӀотта а ца хӀутту. Цуьнан хьекъалх цхьа а кхетар вац.

[29] Цо кӀадвеллачунна ницкъ а ло, хӀоьттинчунна гӀора а ло.

[30] Ур-атталла кегий нах кӀад а ло, хӀотта а хӀутту, ур-атталла къонанаш, гӀел а белла, охьаэга.

[31] Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара шайн ницкъ карлабоккху. Аьрзунан тӀемаш шайн хилча санна, уьш лакхахь оьхуш хир бу. Бевдча а, уьш хӀуттур бац, новкъа дӀабахача а, уьш кӀадлур бац.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters