[1] ХӀара бу Муабих лаьцна болу хаам. Маржа-яӀ, цхьана буса Муабера Ӏар-гӀала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Маржа-яӀ, цхьана буса Муабера Кхир-гӀала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю!
[2] Нах шайн делан цӀа а, Дибон-гӀала а йолчу богӀу, уьш сагӀа доккхучу гунашна тӀе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гӀаланех. Церан массеран а кортош дӀалергина ду, массеран а мажош дӀаяьшна ю.
[3] Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тӀехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бӀаьрхих дуьзна а ду.
[4] Хьешбон а, ЭлиӀала а гӀаланашкара бахархой боьлхуш бу, церан тийжар ЯхӀац-гӀалина тӀекхаччалц хезаш ду. Оцу бахьаненна Муабин тӀемалоша маьхьарий детта – уьш дог доьхна бу.
[5] Муабих дог доьлху сан. Цу махкара уьдуш бу нах ЦӀоӀар-гӀала а, ӀагӀлат-Шалши олучу метте а кхаччалц. Лухьайт цӀе йолчу метте хьалабовлу уьш белхарца, Хьоронайме боьдучу новкъахь чӀогӀа белхар хӀоттадо цара.
[6] Нимрайман хиш дӀалекъна, аренан беш якъаелла, буц маргӀалйоьлла, соьналла а дӀаяьлла.
[7] Шаьш кхоийнарг а, гулдинарг а, схьа а эцна, Акхтаргийн хих дехьадоккху наха.
[8] Берриг а Муаби-махкахь белхар ду, АгӀлайм-гӀалина а, Беар-Элим цӀе йолчу меттигна а тӀекхаччалц ду тийжар.
[9] Дибон-гӀала цӀийх хьалаюьзна ю, амма Везачу Эло кхин а зен дийр ду цу махкана – Муабера бевддачарна а, махкахь бисинчарна а тӀе лом хоьцур ду.