[1] Мила тешна хир вара тхоьгара хезначух? Хьанна гайтина бара Везачу Элан нуьцкъала пхьарс?
[2] Иза Цунна хьалха, ховха маргӀал санна, декъачу лаьттара хьалаболу орам санна, кхиъна ву. Цуьнгахь я куц а, я исбаьхьалла а яцара вайн тидам цунна тӀебахийта. Цуьнга хьаьжча, цхьа а хӀума дацара вай Цунна тӀеозалуш долу.
[3] Нах ца баьшна а, наха дӀатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгӀазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тӀера юьхь дӀаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера.
[4] Амма, вайн эгӀазаллаш тӀе а лаьцна, Цо вайн лазарш дӀадаьхьира. Ткъа вайна моьттура, Иза таӀзар динарг, – Дала тоьхнарг а, Цо ницкъ бинарг а вара.
[5] Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таӀзар дара Цунна тӀехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта.
[6] Вай массо а тиладелла уьстагӀий санна дара, хӀора а шен-шен новкъа тӀевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тӀе вайн массеран а къинош а, бехк а.
[7] Цунна гӀело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гӀаттийра Цо. Урс хьакха дӀабуьгуш болчу Ӏахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Ӏаь ца йолуьйтучу уьстагӀо санна, Шен бага хьала ца гӀаттийра Цо.
[8] Цуьнан гӀуллакх харц къасторна, Иза дӀаваьккхира. Амма Цуьнан тӀаьхьенах лаьцна хьан ойла йора? Дийначеран лаьтта тӀера дӀаваьккхина вара Иза. Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира.
[9] Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дӀавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а.
[10] Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гӀуда такхаран сагӀа дахь, тӀаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу.
[11] Шен сино бала хьегначул тӀаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тӀекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тӀехь дӀа а хьур ду.
[12] Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Ӏожаллина дӀадаларна а, зуламхойх Иза дӀатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дӀа а даьхьира, зуламхошна тӀера доӀанаш а дора.