Skip to content
Opens in a new window

[1] Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хӀунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргӀатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха,

[2] Везачу Эло диканца леладо шо а, вайн Делан бекхаман де а кхайкхо, гӀайгӀанехь мел болчеран догъэца,

[3] Цийонехь гӀайгӀа ечарна хазахетар тилла – чиман метта, царна таж лур ду, белхаран метта, самукъадалар лур ду, эшначу синан метта – хастаман духар. Царах эр ду нийсонан нежнаш, Шен исбаьхьалла дӀагайтархьама, Везачу Эло доьгӀна долу.

[4] Цара шира херцораш юхаметтахӀиттор ю, тоххара дуьйна йохийна меттигаш тойийр ю. Дуккха а тӀаьхьенашкара дуьйна яссийна лаьтташ йолу гӀаланаш карлайохур ю цара.

[5] Кхечу мехкашкарчу наха шун жаш дажор ду. Хийра нах хир бу шун латта лелош а, кемсаш кхиош а.

[6] Ткъа шух Везачу Элан динан дай эр ду, вайн Далла гӀуллакх деш берш аьлла, цӀе йоккхур ю. Халкъийн хьоло кхобур ду шу, церан дозаллех аш куралла йийр ю.

[7] Шун юьхьӀаьржачу хӀоттаран метта лаьттан шозза дакъа лур ду шуна. Шу сийсаздахаран метта шайга кхаьчначух даккхийдеш хир ду шу. Иштта, шун махкахь шозза дакъа лур ду шуна, гуттаренна а долу хазахетар хир ду шун.

[8] «ХӀунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза, ницкъбарца долу талор ца деза. Тешаме а волуш, Ас совгӀат лур ду царна, гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца.

[9] Царах схьабевлларш къаьмнашна юкъахь бевзаш хир бу, ткъа церан тӀаьхье халкъашна юкъахь евзаш хир ю. Уьш мел гуш болчарна хуур ду, Везачу Эло декъалдина халкъ иза дуйла».

[10] Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кӀелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тӀе, Цо нийсонан оба суна тӀе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тӀе тиллича санна а, нускало жовхӀаршца ша хазъян санна а.

[11] Лаьтто шен ялта кхиоре терра а, бешо стоьмаш хьалабахаре терра а, Везачу Эло нийсо кхуьуьйтур а ю, массо а халкъашна хьалха Шена хастамаш бойтур а бу.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters