Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, нийсонна тӀе гӀертарш, Веза Эла лоьхурш! Шаьш схьахьаькхначу тархе хьовса, шаьш чуьра схьадаьхначу оре хьовса.

[2] Хьовсал шайн дега ИбрахӀиме а, шаьш динчу Сарате а. Ас тӀекхайкхинчу хенахь иза цхьаъ бен вацара, амма иза декъал а вина, бераш а делла, Аса цуьнан тӀаьхье дебийтира.

[3] Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Ӏедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю.

[4] ЛадогӀа Соьга, Сан халкъ, ладогӀа Ас бохучуьнга: Соьгара товрат-хьехам схьабер бу, Сайн нийсо Ас къаьмнашна серло йина дӀахӀоттор ю.

[5] Сан нийсо гергакхочуш ю, Ас лун долу кӀелхьардаккхар новкъа даьлла ду. Ас-Айса нийсонца олалла дийр ду халкъашна тӀехь. ХӀордан йистера халкъаш хир ду Со варе сатуьйсуш, шайна гӀо ден долчу Сан куьйге хьоьжуш.

[6] Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта! Стигалш дӀаевр ю, кӀур санна. Латта тишлур ду, бедар санна, цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна. Амма Сан кӀелхьардаккхар гуттар а хир ду. Сан нийсо цкъа а дӀаер яц.

[7] ЛадогӀа Соьга, бакъдерг девзаш дерш, Сан товрат-хьехам шайн дегнашкахь болу халкъ. Наха шайна кхиссарш ярх ма кхера, уьш шайх кхардарх а ма къахка.

[8] Бедар санна, нецано дӀабуур бу уьш, тӀаргӀа санна, нӀаьно дӀакхоллур бу. Ткъа Сан нийсо гуттар а хир ю, Сан кӀелхьардаккхар тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка кхочур ду».

[9] ГӀаттахьа, Веза Эла, гӀо дехьа тхуна! Хьайн ницкъаца тхо кӀелхьардахахьа. ГӀаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна, дӀаяханчу тӀаьхьенийн деношкахь санна! РахӀаб-саьрмик дӀахедийнарг Хьо вацара ткъа? Цу хӀордан саьрмиках тур Ӏоьттинарг Хьо вацара ткъа?

[10] Ахь ца бакъийна хӀорд, йоккхачу кӀоргаллин хиш, хӀордан бухахула некъ а буьллуш, кӀелхьарбевлларш цунна тӀехула дехьабовлийта?

[11] Ахь мах баларца паргӀатбаьхнарш юхабоьрзур бу. Эшаршца Цийон-лам тӀе богӀур бу уьш, гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тӀехула. Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна, сингаттам а, даккхий синош дахар а дӀадевр ду.

[12] Везачу Эло боху: «Со-суо ву шун догъоьцуш Верг. Хьо хӀунда кхоьру лийр волчу стагах, буц санна телхачу адамийн кӀантах?

[13] Хьуна хӀунда вицло хьо кхоьллина волу а, стигалш дӀасаяржийна волу а, лаьттан баххаш дӀахӀиттийна волу а Веза Эла? Хьо хӀаллакван кийча волуш волчу, хьуна гӀело ечун дералла бахьана долуш, дерриг а дийнахь хьо хӀунда кхоьруш лаьтта? Мичахь ю хьуна гӀело ечун дералла?

[14] Йийсархо кестта паргӀатвоккхур ву. Иза ор чохь а лийр вац, цунна бепиг ца тоьуш а хир дац.

[15] Со Веза Эла, хьан Дела, ву. Ас хӀорд ловзабоккху, цуьнан тулгӀенашка гӀовгӀа а йойтуш. Сан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю!

[16] Ас Сайн дешнаш хьан бага дехкина, Сайн куьйган ӀиндагӀехь хьо къайлаваьккхина, хьоьга стигалш дӀасаяржаяйта а, лаьттан баххаш дӀахӀиттадайта а, Цийоне: „Хьо Сан халкъ ду!“ – алийта а».

[17] Самаялахьа, самаялахьа, гӀаттахьа, Ярушалайм! Везачу Элан карара Цуьнан дераллин кад мелла ахь. Кад берриг а бассийна ахь, цо хьо тахкийна.

[18] Ахь мел бинчу кӀенташна юкъахь цхьа а вацара хьо дӀайига. Ахь мел кхиийначу берашна юкъахь цхьа а дацара хьан куьг схьалаца.

[19] Хьуна тӀе ши бохам беана – хьан бийр бу хьуна синтем? ЧӀанадаккхар а, хӀаллакдар а, мацалла а, туьра кӀел дахар а – и дерриге а хьуна тӀе деана – хьан дог Ас хьаьнгахула оьцур ду?

[20] ГӀелбелла хьан кӀентий хӀора ураман гола тухучохь Ӏохкуш бу. РечӀано лаьцна сай санна бу уьш. Уьш Везачу Элан оьгӀазаллах а, хьан Делан къематах а буьзна бу.

[21] ЛадогӀа хӀокху хӀумане, бала хьоьгуш верг а, чагӀар малаза вехна верг а.

[22] Иштта боху хьан Хьалдолчу Эло, Шен халкъ лардеш волчу хьан Дала: «Хьан куьйгара схьаоьцу Ас хьо тахкийна болу кад. Сан дераллах буьзна болчу хӀокху кедара ахь кхин мер дац.

[23] Ас хьуна ницкъ биначеран кара лур бу иза. Цара хьоьга элира: „Охьайижа лаьтта, тхо хьайна тӀехула дӀасалелийта“. Ахь хьайн букъах латта а, урам а бира, нах тӀехула лелийта».

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters