Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хӀунда аьлча Сан кӀелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю.

[2] Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а».

[3] Везачу Элана тӀаьхьахӀоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дӀакъастор ву». ВаьӀна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац».

[4] Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьӀначарна

[5] Сайн цӀа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дӀахӀоттор ю Аса, ткъа нехан кӀентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цӀе лур ю Ас царна».

[6] Везачу Элана гӀуллакх дан а, Цуьнан цӀе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тӀаьхьахӀиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чӀогӀа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш

[7] буьгур бу Ас Сайн безачу лам тӀе. ДоӀанаш дечу Сайн цӀа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагӀа доккхучу Сан кхерча тӀехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагӀанаш тӀеоьцур ду Ас, хӀунда аьлча Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу.

[8] ДӀасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тӀе кхин а гулбийр бу Ас».

[9] Аренан массо а акхарой, схьаюьйла! Хьуьнан массо а акхарой, схьаюьйла, дӀадаа!

[10] Исраилхойн хехой бӀаьрзе а, хӀумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жӀаьлеш ду, лата а ца хууш, Ӏахка а Ӏохкуш, гӀенаш а гуш, набъяр а дезаш.

[11] Уьш Ӏебар доцу а, сутара а жӀаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Ӏуй бу: массо а шен новкъа дӀавирзина ву, хӀора а шена пайда лоьхуш ву.

[12] «Схьадуьйла, – боху цара, – суна чагӀар карор ду! Маларца дехар ду вай! Кхана а тахана хилларг хир ду, кхин сов а».

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters