Skip to content
Opens in a new window

[1] Къа ду зуламе парзаш дечеран а, къиза сацамаш дӀаязбечеран а.

[2] Цара Сан халкъа юкъара къен нах нийсачу кхеле ца кхочуьйту, гӀийлачеран бакъонаш схьайоху, бисина Ӏачу зударийн а, байн а долахь дерг дӀадоккху.

[3] ТаӀзар дечу дийнахь, геннара бохам тӀебеача, хӀун дан дохку шу? Хьаьнга гӀо доьхур ду аша? Шайн хьал мичахь дуьтур ду аша?

[4] Схьалецначу нахана юкъахь шу охьасеттар бен дац, байинчарна юкъа охьаоьгур бен дац. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.

[5] «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгӀазаллин гӀаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Ӏаса ю.

[6] Ӏесачу халкъана дуьхьал, Со оьгӀазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хӀонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а».

[7] Амма ашурхойн паччахьо иштта ойла ца йо, цуьнан дагахь иза ца хуьлу. Цуьнан Ӏалашо ю дуккха а халкъаш дакъазадаха а, хӀаллакдан а.

[8] Цо боху: «Сан массо а баьччанаш паччахьаш бац ткъа?

[9] КӀаркамиш-гӀалина динарг Хална-гӀалина ца дина те? Арпад-гӀалина динарг Хьамат-гӀалина ца дина те? Дамасакх-гӀалина динарг Шамран-гӀалина ца дина те?

[10] ЦӀуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна – ткъа оцу пачхьалкхийн цӀуш Ярушалаймехь а, Шамран-гӀалахь а болчу цӀуйл нуьцкъала бара –

[11] Ярушалаймана а, цуьнан куьйга бинчу деланашна а Шамран-гӀалина а, цуьнан цӀушна а диннарг дийр дац Аса?»

[12] Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а Шен гӀуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таӀзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бӀаьргаш дозаллех буьзна хиларна а».

[13] Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хӀунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дӀадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргӀано санна аса паччахьаш шайн гӀанташ тӀера чукхиссина.

[14] Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хӀоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тӀам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гӀаттий, я цхьа а гӀовгӀа а ца йи».

[15] Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тӀехь олалла дийр дуй те гӀожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те?

[16] Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло берстинчу тӀемалошна тӀе хӀоралла хоьцур ю. Ашур-мехкан паччахьан сийлаллех цӀе латор ю, ткъа и цӀе чӀогӀа йогуш хир ю.

[17] Исраилан Серлонах цӀе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу.

[18] Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хӀаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гӀелваларх тера хир ду иза.

[19] Бере а дагардаллал кӀезиг дитташ дуьсур ду цуьнан хьаннаш чохь.

[20] Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тӀаьхьенах кӀелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Ӏаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю.

[21] Халкъах жима дакъа юхадоьрзур ду, Якъубан тӀаьхьенах бисинарш – Нуьцкъалчу Далла тӀе боьрзур бу.

[22] ХӀордан гӀум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тӀе боьрзур бац. Халкъ хӀаллакдан сацам бина, нийса таӀзар къомана тӀехдер ду.

[23] Халкъ хӀаллакдан Ша дина омра берриг а махкахула кхочушдан воллу массо а ницкъийн Хьалдолу Эла. Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла Ша омра дина хӀаллакдар берриг а махкахула кхочушдан воллуш ву.

[24] Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло боху: «Цийон-лам тӀехь Ӏаш долу Сан халкъ! Ашурхойх ма кхера, цара шуна гӀожмаш тохахь а, цара, хьалха мисархоша санна, шуна ницкъ бахь а.

[25] Жимма хан яьлча, Сан оьгӀазалла дӀаер ю, тӀаккха Сан дералла уьш хӀаллакбарна тӀейоьрзур ю».

[26] Массо а ницкъийн Веза Эла царна шед етта воллуш ву, Ӏораб-тархана уллохь маданхошна Цо шед ма-еттара. Шен Ӏаса Цо хӀорда тӀехула а лаьцна, хьалха мисархошна санна, ашурхошна дуьхьал ойур ю.

[27] Цу деношкахь Везачу Эло хьан белшаш тӀера Ашуран беза мохь дӀабоккхур бу. Хьан вортанна тӀера дукъ дӀадаьккхина хир ду – хьо дерстина хиларна, и дукъ кагдийр ду.

[28] Ашурхой Ӏаят-гӀалина тӀелетта, МагӀран-гӀаланах чекх а бевлла, Михмас-гӀалахь тӀаьхьалонна дерг охьадуьллу цара.

[29] Лаьмнех дехьа а бевлла, ГибаӀ-гӀалахь буьйса яккха совцу уьш. Рама-гӀалин бахархой бегош бу, Шаулан ГебаӀ-гӀалахь Ӏаш берш дӀасабевдда.

[30] Орца даккха, Галлам-гӀалин бахархой! Тидам бе, Лайша-гӀалин бахархой! Жоп ло, Ӏанатот-гӀалин бахархой!

[31] Мадмуна-гӀалара нах бевдда, Гибаймера бахархой дӀабаха сихбелла.

[32] Оццу дийнахь Нуб-гӀалахь лаьттар бу уьш. Ярушалайм-гӀалин гуна, Цийон-ломана шайн буйнаш лестор бу цара.

[33] Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло доккхачу гӀоранца дитташ тӀера гаьннаш схьадохур ду, даккхийнаш дӀахьокхур ду, лекханаш лаьтта эгор ду.

[34] Цо дагарца луьста хьун хьокхур ю, Нуьцкъалчун куьйгах Ливанунан хьаннаш оьгур ю.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters