Skip to content
Opens in a new window

[1] ХӀара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тӀехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цӀуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дӀайолу.

[2] «Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тӀаккха ваша веших а, доттагӀа доттагӀчух а, гӀала гӀаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю.

[3] Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цӀуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тӀедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тӀегӀур бу уьш.

[4] Мисархой къизачу куьйгалхочун кара лур бу Ас. Дера паччахь хир ву царна тӀехь олалла деш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

[5] Нил-хи а жимлур ду, арахула догӀу хи а, лакъа а лекъна, дӀадер ду.

[6] Хин татолех вон хьожа йогӀур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргӀалдулур ду.

[7] Нил-хин бердашна тӀехь йолу ораматаш а, цигахь дӀа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дӀаса а даржийна, уьш кхин хир дац.

[8] Нил-хи чу мӀара тосуш болчу чӀерийлецархоша узарш дийр ду, уьш боьлхуш хир бу. Хи чу бойнаш тосуш берш дог дешна хир бу.

[9] Ветанах хӀуманаш йийраш дог доьхна хир бу. КӀади дуцурш гӀайгӀане хир бу.

[10] КӀадидархой боьхна хир бу, тӀелаьцна белхалой гӀаддайна хир бу.

[11] ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла. ПирӀунан хьекъалечу хьехамчаша сонта хьехамаш бо. Аша муха эр ду пирӀуне: «Со хьекъалечу стеган а, ширачу паччахьийн а кӀант ву»?

[12] Ва мисархойн паччахь, хьан хьекъалчаш хӀинца мичахь бу те? Массо а ницкъийн Везачу Эло Мисаран къомана дан леринарг хӀун ду цаьрга дийцийта а, массо а нахана хьалха довзийта а!

[13] ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гӀалара баьччанаш Ӏехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чӀогӀа тӀулг санна хила безнехь а.

[14] Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хӀуманна тӀехь. Вехна стаг шен Ӏеттораш тӀехула ма-леллара, лелаш бу мисархой.

[15] Мисар-махкахь цхьаьнгге а хӀума далур дац шен къомана – коьрте а, я цӀогане а, лекхачу гаьнне а, я лохачу эрзе а.

[16] Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш.

[17] ЯхӀуд-мохк хьахор къемат хир ду мисархошна. И мохк шайна цхьаммо дагабаийтича, мисархой Ӏадийна хир бу, массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал дан леринчух а кхоьруш.

[18] Цу дийнахь Мисар-махкара пхеа гӀалахь канаӀанхойн мотт а буьйцур бу, массо а ницкъийн Везачу Элан долахь хила чӀагӀо а йийр ю. Цхьана гӀаланах «Маьлхан гӀала» эр ду.

[19] Цу дийнахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч хӀоттор бу Мисар-махкана юккъехь, ткъа дозанехь Везачу Элана лерина тӀулг хӀоттор бу.

[20] И хӀуманаш массо а ницкъийн Веза Эла Мисар-махкахь хиларан билгало а, тоьшалла а хилла дӀахӀуттур ю. Мисархоша, шайна мостагӀаша ницкъ беш хиларна, Везачу Эле орца даьккхича, Цо паргӀатбохур бу уьш, царна тӀе уьш кӀелхьарбохург а, гӀодоккхург а вахийтина.

[21] Везачу Эло Ша вовзуьйтур ву мисархошна, ткъа цу дийнахь мисархоша Иза шайн Дела хилар къобал а дийр ду, Цунна, дийнатан а, кӀен а сагӀанаш а дохуш, Ӏибадат а дийр ду. Везачу Элана нигаташ а дина, уьш кхочуш а дийр ду цара.

[22] Везачу Эло мисархошна таӀзар дийр ду. ТаӀзар а дина, юха мисархой тобийр бу Цо. Уьш Везачу Элана тӀебоьрзур бу. Церан доӀанаш а хезна, царна дарба дийр ду Цо.

[23] Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богӀур бу, мисархой Ашур-махка гӀур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Ӏамал еш хир бу.

[24] Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна.

[25] Уьш декъал а деш, массо а ницкъийн Везачу Эло эр ду: «Декъалдина ду Сан халкъ долу Мисаран къам, Аса кхоьллина долу Ашуран къам, леррина Сан долахь дерг долу Исраилан къам».

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters