Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тӀе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагӀар а, шура а эца!

[2] Аш хӀунда луш ду ахча шайна пайденна доцучух? Мах а луш, меца хӀунда дуьсуш ду шу? Дика Соьга ла а догӀий, мерзаниг дӀадаа, тӀаккха аша тоьллачу кхачанах дезар оьцур ду.

[3] ХӀинца тидам бе, Суна тӀедуьйла! ЛадогӀа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна.

[4] Хьовсал, Ас Цунах дуккха а халкъашна теш вира, тхьамда а, куьйгалхо а вира царна.

[5] Хьайна девзаш доцу халкъаш тӀекхойкхур ду ахь, хӀинццалц царна хьо а ца девзара. Уьш хьуна тӀекхача сихлур бу, хьан Везачу Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан, дуьхьа, хӀунда аьлча Цо хьан сий лакхадаьккхина».

[6] Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь.

[7] Ӏесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тӀевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тӀе, хӀунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду.

[8] «Сан ойланаш шун ойланаш яц, шун некъаш Сан некъаш дац, – боху Везачу Эло. –

[9] Стигалш лаьттал лекха ма-хиллара, Сан некъаш а ду шун некъел лекха, Сан ойланаш а ю шун ойланел лекха.

[10] ДогӀа а, ло а, стигалара охьа а догӀий, цара латта даша а дой, цу тӀехь хьаладолург кхуьуьйту, ялта дӀадуьйш волчунна хӀу а, юуш волчунна юург а хуьлуьйтуш. ТӀаккха бен уьш стигала юха ца доьрзу.

[11] Иштта ду Сан багара схьадолу дош а – иза даьсса юха ца доьрзу Суна тӀе. Цо Суна луург кхочушдо, Ас даийтина дош Ӏалашоне кхочу.

[12] Делахь, шу самукъадаларца арадевр ду, машарца новкъа а дохур ду. Лаьмнаша а, гунаша а шуна хьалха эшарш лоькхур ю, аренашкарчу дитташа шайн тӀараш деттар ду.

[13] Коканийн метта, зоьзан дитт хьаладер ду. КӀохцалийн метта, миртан дитт хьалагӀур ду. И дерриг а хир ду Веза Эла дагаваийтарна а, гуттаренна йолчу а, дӀаер йоцучу а билгалонна а».

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters