[1] Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тӀера бахархой дӀасабаржор бу Цо.
[2] Халкъана хиндерг динан дена а хир ду, ялхочунна хиндерг цуьнан хӀусамдена а хир ду, зуда-ялхочунна хиндерг цуьнан хӀусамнанна а хир ду, оьцучунна хиндерг юхкучунна а хир ду, духалург доьхучунна хиндерг духалург лочунна а хир ду, ял лочунна хиндерг ял йоккхучунна а хир ду.
[3] Латта дассийна а, чӀана даьккхина а хир ду, хӀунда аьлча Везачу Эло хӀара дош аьлла.
[4] Латта латкъам беш а, лекъаш а ду. Дерриге а дуьне гӀеллуш а, маргӀалдулуш а ду. Лаьттан халкъан лекханаш а гӀеллуш бу.
[5] Латта шен бахархоша бехдина лаьтта, хӀунда аьлча товрат-хьехамаш цара лар ца бора, Делан парзийн тидам ца бора, ткъа гуттаренна а бина барт цара бохабора.
[6] Цу бахьанина латта неӀалто дӀакхоллу, ткъа цунна тӀехь Ӏаш болчара шайн къиношна доггӀург дӀакхоьхьу. Цу бахьанина лаьтта тӀера бахархой морцуш бу, цхьа кӀезиг бен ца буьтуш.
[7] Къона чагӀар латкъам беш ду, ткъа кемсийн таьллангаш маргӀалъюлуш ю. Хьалха самукъане хилларш хӀинца гӀайгӀане бу.
[8] Вотанашца самукъадаккхар а дӀадаьлла, самукъадолучийн гӀовгӀа а сецна, пондарийн аьзнаш а дӀатийна.
[9] Эшарш а лоькхуш, наха кхин чагӀар ца молу. Молучийн ниха а къаьхьа ду.
[10] Яссаелла гӀала йохийна ю, цӀенош саьлнаша дӀакъевлина ду, чуваха аьтто боцуш.
[11] ЧагӀар ца хиларна, маьхьарий детташ бу урамашкахь нах, муьлхха а хазахетар кхоьлина ду, муьлхха а самукъадалар лаьтта тӀера дӀаэккхийна.
[12] ГӀала яссаелла ю, гӀалин ков а доьхна Ӏуьллуш ду.
[13] Массанхьа а дуьненахь, дерриге а къаьмнашна юкъахь иштта хир ду. ТӀаьххьара стоьмаш зайт-диттан тӀера эгорхьама, дитташ тӀе гӀожмаш тохар санна хир ду. Кемсаш схьалахьийча, цхьайолу кемсаш бен ца йисча санна хир ду.
[14] Синкъерамца шайн аз ойур ду бисначара, малхбузера Везачу Элан возаллех мохь тухур бу цара.
[15] Хаставе Веза Эла малхбалехь, хӀордан йистехь долчу латтанаш тӀехь хастае Везачу Элан, Исраилан Делан, цӀе.
[16] Дуьненан йистера эшарш хеза вайна: «Хастам бу нийсо лелош Волчунна!» Амма аса элира: «Дог доьхна ву со! Эшийна лаьтта со! Къа ду сан! Ямартхой кхидӀа Ӏехабеш бу. Шайн мекарлонца уьш ямартло еш бу».
[17] Ӏадор а, ор а, гур а бу хьуна, лаьтта тӀера вахархо!
[18] Ӏадоран маьхьарх веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву. Стигалара, неӀарш дӀа а йиллина, Ӏовраш чухоьцур ю, лаьттан бух бегалур бу.
[19] Латта декъалуш ду, латта аталуш ду, иза чӀогӀа дегош ду.
[20] Вехна стаг санна, лесташ ду латта, ага санна, техкаш ду иза. Цуьнан аьрхалла, беза мохь санна, ю цунна тӀехь тоттуш. Цкъа охьадоьжна долу иза кхин гӀоттур дац.
[21] Цу дийнахь Везачу Эло жоьпе озор бу лакхахь болу Шена дуьхьалбевлла стигалара ницкъаш а, лахахь болу лаьттара паччахьаш а.
[22] Цхьаьна а тоьхна, тутмакхаш санна, ор чу боьхкина а, набахти чу боьхкина а хир бу уьш. Дуккха а денош дӀадевлча, таӀзар дийр ду царна.
[23] Бутт а цӀийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь болчу Цийон-лома тӀера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду.