[1] Якъубан тӀаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло хӀинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргӀатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цӀе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду.
[2] Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Ӏоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дӀакхоьхьур дац. ЦӀерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цӀеран алунаша хьуна зе дийр дац.
[3] ХӀунда аьлча Со Веза Эла, хьан Дела, Исраилан Веза Дела, хьан КӀелхьардоккхург ву. Ас Мисаран къам дӀало хьан паргӀатонах. Хуша а, Себа а дӀало хьох.
[4] Сан бӀаьргаш чохь деза а, хьоме а хьо хиларна, Хьо Сайна дезарна, хьох нах дӀалур бу Ас, хьан синах халкъаш дӀалур ду.
[5] Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду.
[6] Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кӀентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш – дуьненан массо а маьӀӀера.
[7] Юхаверзаве хӀорра а Сан цӀарца воьзнарг, Сан сий айархьама Ас кхоьллина волу а, Сайн куьйгашца Ас вина а, кеп елла а волу а».
[8] «Шен бӀаьргаш доллушехь, бӀаьрзе долу а, шен лергаш доллушехь, къора долу а и халкъ арадаккха, – боху Везачу Эло. –
[9] Массо а халкъаш цхьаьна гулдина а ду, дерриге а къаьмнаш вовшахтоьхна а ду. Церан деланех хьан аьлла хиндолчух лаьцна? Юьхьанцара дуьйна хилларг хьан хаийтина? Шайн тешаш балабайта цаьрга, уьш бакъхилар гайта а, церан дешнаш дӀахезча, кхечеран „Иза бакъ ду“ ала йиш хилийта а.
[10] Шу, исраилхой, Сан тешаш ду, – боху Везачу Эло. – Ас хаьржина Сан ялхо а ду хьо, Исраилан халкъ, шуна Со вовзийтархьама а, шу Сайх тешийтархьама а, Дела Со хиларх шу кхетийтархьама а. Сол хьалха цхьа а дела ца хилла, Сол тӀаьхьа а хир вац.
[11] Со цхьаъ бен Веза Эла вац, Со цхьаъ бен КӀелхьардохург а вац.
[12] Хиндерг дӀа а аьлла, Ас шу кӀелхьардехира, хьалхе дуьйна иза дӀахаийтира Ас. Со-м шуна юкъахь хийраниг вац! – боху Везачу Эло, – Шу Сан тешаш ду Со Дела хиларх.
[13] Дуьххьарлерчу деношкара схьа Со Дела ву. Сан куьйгах цхьаммо а кӀелхьарвоккхур вац. Ас динарг хьаьнга юхадерзалур ду?»
[14] Исраил халкъан Везачу Дала, шу мах баларца паргӀатдаьхначу Везачу Эло, иштта боху: «Шун дуьхьа Ас Бавелна дуьхьал эскар дохуьйтур ду. Берриге а хашадхой, бевдда нах санна, церан дозалла хиллачу кеманашкахь хинехула дӀабуьгур бу Аса.
[15] Со ву Веза Эла, шун Веза Дела, Исраилан халкъ Кхоьллинарг, шун Паччахь».
[16] Иштта боху хӀорда юккъехула некъ биллина волчу, нуьцкъалчу хишна юккъехула тача даьккхина волчу Везачу Эло.
[17] ГӀудалкхаш а, говраш а йолуш долу онда эскар арадаккхийтира Цо, иза хӀаллакьхилийтархьама. Уьш массо а ийгира, кхин цкъа а хьала а ца гӀевттира. Къуьданаш санна, дӀабайра уьш.
[18] Везачу Эло боху: «Хьалха хилла хӀуманаш дага а ма леца, дӀадаьллачух лаьцна ойланаш а ма е.
[19] Хьовсал, Со керланиг деш ву! Иза хӀинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза? Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду, эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду.
[20] Акхароша Сан сий до, чангӀалкхаша а, бухӀанаша а Со хаставо, хӀунда аьлча Ас яьссачу аренга хиш даладо, эрначу аренгахь Ас татолаш хоьцу, Айса хаьржинчу Сайн халкъе хи малийтархьама.
[21] И халкъ Ас Сайна кхоьллина, цо Сан сий кхайкхор ду».
[22] Везачу Эло боху: «Хьо Соьга гӀо доьхуш ца кхайкхина, Якъубан тӀаьхье, Сан дуьхьа ахь хьайна хало ца йина, Исраилан халкъ.
[23] Аша дийнаташ дагоран сагӀа даккха уьстагӀий а ца кхехьна Суна, сагӀанаш дахарца Сан ларам а ца бина. Ас шуна кӀен сагӀа даккхар тӀе ца дожийна, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ца кхехьийтина.
[24] Аш Суна ахчанах хаза хьожа йогӀу эрз а ца эцна, я шайн сагӀанийн дийнатийн мохь ягорца там а ца бина. Мелхо а, къинош леторца аша хало йина Суна, шайн харцонашца Со гӀелвина.
[25] Со-со ву шун къинош дӀадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса.
[26] Хилларг дагадаийта Суна, цхьаьна къастор ду вай. Дистхила, шу бакъдеш долу бахьанаш даладе.
[27] Хьан хьалхарчу дас къа латийна, хьан баьччанаш а Суна дуьхьалбевлла.
[28] Цундела Ас сийсазбина хьан Дезачу цӀийнан куьйгалхой. Аса дӀаелла Якъубан тӀаьхье, иза хӀаллакьяйтархьама, Аса дӀаделла Исраилан халкъ, цунах кхардийтархьама».