[1] «Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цӀогӀа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хӀунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло.
[2] «ДӀасашоръе хьайн четар лаьтта меттиг, хьайн хӀусамийн шаршуш дӀаяржае! Юха ма оза! Четар чӀагӀдеш долу машшаш дӀахеца, ткъа машшийн хьостамаш лаьттах чӀагӀде!
[3] ХӀунда аьлча хьо аьтту а, аьрру а агӀор дӀасаяьржар ю. Хьан тӀаьхьенах болчара халкъаш карадерзор ду, яссийна церан гӀаланаш хьалаюзур ю.
[4] Кхера ма кхера – кхин юьхьӀаьржачу хӀуттур яц хьо. Эхь хеташ ма хила – кхин аьшнаш йийр яц хьо. Хьайн жимачу хенахь юьхьӀаьржачу хӀоттар дицлур ду хьуна, хьайн йисина Ӏаш сий дайна хилар дага а догӀур дац хьуна.
[5] Хьо Кхоьллинарг ву хьан майра – Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Хьо ПаргӀатъяьккхинарг Исраилан халкъан Веза Дела ву, Цунах дерриге а лаьттан Дела олу.
[6] Везачу Эло кхойкху хьоьга, йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна, жимачу хенахь ялийна а, юха дӀатесна а йолчу зудчуьнга санна, – боху хьан Дала. –
[7] КӀеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо.
[8] ОьгӀазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КӀелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло.
[9] «Суна иза Нохьин деношкахь санна ду. Цу хенахь Ас чӀагӀо йира, кхин цкъа а лаьтта тӀе Нохьин хиш дер дац аьлла. ХӀинца Ас чӀагӀо йо кхин хьуна оьгӀаз ца ваха а, бехкаш ца даха а.
[10] Лаьмнаш дегадахь а, гунаш меттахдовлахь а, Сан хьоьга болу хедар боцу безам дӀабер бац, Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», – боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло.
[11] «Пекъар йолу, мохо дӀасалестош йолу, шена синтем ца бина йолу гӀала! Ас-Айса хьан тӀулгаш поппарца дуттур ду, хьан бух саппир-тӀулгех буттур бу,
[12] хьан бӀаьвнаш рубинех йийр ю, кевнаш – къегачу жовхӀарех, ткъа дерриг а пенаш дезачу тӀулгех дуттур ду.
[13] Везачу Эло Ӏамор бу хьан берриг а кӀентий, церан машар а, беркат а доккха хир ду.
[14] Нийсонна тӀехь чӀагӀйина хир ю хьо. Ӏазап дар хьуна генадер ду, хьо кхера оьшуш хӀумма а дац. Къемат хьуна генадер ду, иза хьуна улло догӀур дац.
[15] Нагахь хьуна тӀе цхьаъ латахь а, иза Соьгара хир дац. Милла а хьох латахь а, иза ша вужур ву.
[16] Хьажал, Ас аьчка пхьар кхоьллина, цо, алу алсам а йоккхий, балхана догӀуш долу герз кечдо. Ткъа иштта Ас кхуллу хӀаллакдийриг а, цуьнга адамаш хӀаллакдайтархьама.
[17] Хьуна дуьхьал даьккхинчу цхьана а герзо хьуна зулам дийр дац. Хьо бехке вечу муьлххачу а маттана дуьхьало ялур ю хьоьга. Иза Везачу Элан ялхойн тӀаьхье ю, Соьгара долу церан бакъдар ду», – боху Везачу Эло.