[1] Ӏузи-ЯхӀун кӀентан Йовтаман кӀант Ахьаз ЯхӀуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тӀом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тӀамца Ярушалайм-гӀалина тӀелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира.
[2] Даудан тӀаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш.
[3] Везачу Эло ЕшаӀ-ЯхӀуга элира: «Хьо а, хьан кӀант Шиар-Яшаб а Ахьазана дуьхьал гӀо. Лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, хӀуманаш юьттучеран аренга боьдучу новкъа вала ший а.
[4] Ахьазе ала: „Ларло, амма синтеме хила, кхера а ма кхера, хьайн дог а ма дохаде, и сийсина догуш долу ши дечиг бахьана долуш – Рицан шен арамхошца а, Рамли-ЯхӀун кӀант а оьгӀазвахана дела.
[5] Арамхой а, эпраймхой а, Рамли-ЯхӀун кӀант а хьуна зулам дан гӀерташ бу, цара боху:
[6] ‘ЯхӀуд-махкана тӀе а летта, иза, кхера а бина, тӀамца схьа а баьккхина, Табиалан кӀант цигахь паччахь хӀоттор ву вай’.
[7] Амма Хьалдолчу Эло боху: ‘И хӀума лаьттар дац, и гӀуллакх кхочушхир дац,
[8] хӀунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гӀала ю, ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац. Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой, шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац.
[9] Эпрайм-мехкан олахо Шамран-гӀала ю, ткъа Шамранан олахо Рамли-ЯхӀун кӀант бен вац. Нагахь санна шу ца тешахь, шу чӀагӀдина хир дац’“».
[10] Везачу Эло Ахьазе кхин цкъа иштта хаам бира:
[11] «Хьайн Везачу Делера хьайна цхьа билгало еха. И билгало лаьтта бухара я лакхарчу стигалара хила мегаш ю».
[12] Ахьаза элира: «Ас йоьхур яц цхьа а билгало, Веза Эла зуьйр вац ас».
[13] ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «ЛадогӀа соьга, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах берш! Нахана шаьш ен халонаш а ца тоьуш, сан Далла халонаш ян дохку шу?
[14] Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоӀа, берах а хилла, кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю.
[15] Цо кӀалд а, моз а дуур ду, вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏаммалц.
[16] И бер вониг дӀататта а, диканиг тӀеэца а Ӏамале, шу кхоьруш волчу шина паччахьан мехкаш дассийна хир ду.
[17] Амма Везачу Эло хьуна а, хьан халкъана а, хьан ден цӀенна а тӀе Эпрайман къам ЯхӀудан къомах дӀакъаьстинчу хенахь дуьйна ца хилла денош хӀиттор ду – Цо Ашур-мехкан паччахь шуна тӀе лотуьйтур ву.
[18] Цу дийнахь Везачу Эло шок тухур ю, Мисар-махкахь уггар генахь йолчу хин Ӏоврашкара мозий а, Ашур-махкахь долу накхармозий а схьакхайкхархьама.
[19] Схьа а даьхкина, боьранашка а, тархийн кӀаьгнашка а, кӀохцалш мел долчу коьллаш тӀе а, ерриг а руьйтанаш тӀе а охьаховшур ду уьш.
[20] Оцу дийнахь Хьалдолчу Эло Эпрат-хина дехьара тӀелаьцначу уьрсаца – Ашурхойн паччахьца – шун коьрта а, когашна а тӀера чоьш дӀадошур ду, ур-атталла маж а дӀайоккхур ю.
[21] Цу хенахь стаге цхьа шинар а, ши уьстагӀ а бен кхабалур бац,
[22] амма цара луш йолу шура шортта хиларна, цо кӀалд юур ю. Кху лаьтта тӀехь бисначара массара а кӀалддий, моззий дуур ду.
[23] Иштта хӀума а хир ду цу хенахь: эзар дато шекхал ахча мах болу эзар кемсийн таьлланг хьалайолучу меттехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш евр ю.
[24] Ӏедаш а, пхерчий а эцна, лелар бу цига нах, хӀунда аьлча дерриг а цу лаьтта тӀехь коканан а, кӀохцалан а коьллаш хир ю.
[25] Хьалха охуш лелийначу цхьана а лам тӀе вахалур вац, цигарчу коканийн а, кӀохцалийн а коьллех кхерарна. Цига стерчий дӀалохкур ду, кегийрачу дохно хьоьшур ду коканаш“».