[1] ХӀара бу хӀоттийначу суьртан тогӀих болу хаам. Шун бахархошна хӀун хилла, уьш берриш а тхевнаш тӀе хьала хӀунда бевлла,
[2] гӀовгӀане, синтем боцу, йоккхаеш йолу гӀала? Хьан хӀаллакьхилларш туьро а ца байина, тӀамехь а ца белла.
[3] Берриге а хьан тхьамданаш цхьаьна бевдира, амма уьш, Ӏад а ца кхуссуш, лийцира. Уьш берриш а йийсаре кхаьчна, мел гена бевдда хиллехь а.
[4] Цундела боху ас: «Вита со, со доггах воьлхур ву. Ма гӀерта сан догъэца, сан хьоме халкъ дакъазадаккхар бахьана долуш».
[5] ХӀоттийначу суьртан тогӀи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гӀалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду.
[6] Шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а Ӏейлам-махкара тӀемалой тӀебогӀу, тӀом бан Ӏад-беттанаш а яхьаш. Кхир-махкарчу тӀемалоша турсаш кечдина.
[7] Хьан тоьлла йолу тогӀеш гӀудалкхех юьзна а ю, кевнна дуьхьал лаьтташ дошлой а бу.
[8] ТӀаккха Везачу Эло ЯхӀудан къомера лардар дӀадаьккхира. Оцу дийнахь шу хьоьжуш дара Ливанун-мехкан хьун цӀе йолчу паччахьан цӀа чохь Ӏалашдеш долчу герзашка.
[9] Шуна гира Даудан гӀалин пенашна даьхна Ӏуьргаш. Лахарчу Ӏома чохь хи гулдеш дара шу.
[10] Ярушалаймерчу цӀеношка а хьаьжна, шаьш къастийна цӀенош дохийра аша, гӀалин пенаш чӀагӀдархьама.
[11] Ширачу Ӏома чуьра хи, схьа а эцна, Ӏалашдархьама, шина пена юккъехь меттиг кечйира аша. Амма и дерриге а Хилийтинчуьнга шу ца хьоьжура, дуккха а хьалха и гӀуллакхаш кхочушдан Къастийначун тидам ца бора аша.
[12] Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дӀахедае а, шайна тӀе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга.
[13] Амма шу самукъадаьлла а, даккхийдеш а дара! Шу, стерчий а, уьстагӀий а дойуш, жижиг дууш а, чагӀар молуш а дара. «Юушший, молушший Ӏей вай, кхана вай лийр долу дела» – бохура аша.
[14] Массо а ницкъийн Везачу Эло аьлларг сайн лергашца хезира суна. «ХӀокху къинна гечдийр дац шуна, шаьш делла дӀадовллалц», – чӀагӀо йира массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло.
[15] Иштта боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло: «Ваха а гӀой, паччахьан цӀийнан хьаькаме Шибне дӀаала:
[16] „Хьан кхузахь хӀун ду я мила ву, кхузахь ахь хьайна къубба яьккхина хила? Хьажал, цо шена лекхачу меттехь къубба яьккхина, тархах шена садаӀаран цӀа аьгна!
[17] ЛадогӀа, хьайх майраниг аьлла цӀе йоккхург, Везачу Эло хьо дӀакхуссур ма ву! Хьо чӀогӀа схьалоцур ву Цо.
[18] Хьарчийна, хьох ларча а йина, Цо доккхачу лаьтта тӀе кхуссур ву хьо. Цигахь хьо лийр ву, хьан исбаьхьа гӀудалкхаш а хир ю. Хьан олахочун цӀенна хьо эхье хӀума ма ю!
[19] Аса, хьайн меттера дӀа а ваьккхина, даржах вохор ву хьо“.
[20] Оцу дийнахь Хьалкхи-ЯхӀун кӀант, Сайн лай волу Элъякъим тӀекхойкхур ву Ас.
[21] Хьан духар цунна тӀе а дуьйхина, хьан доьхка цунна юкъах а дихкина, хьан дарж цунна дӀалур ду Ас. Ярушалайман бахархошна а, ЯхӀудан тӀаьхьенна а да хир ву иза тӀаккха.
[22] Даудан тӀаьхьенах волчу паччахьан цӀийнан догӀа цуьнан кара лур ду Ас. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц.
[23] Ондачу метте тоьхна хьостам санна, чӀагӀвийр ву Ас иза. Шен ден цӀийнан сий ойур ду цо.
[24] Цунна тӀехь кхозуш хир ду цуьнан ден цӀийнан дозалла, цуьнан бераш а, церан бераш а цу чу а догӀуш. Цуьнан хьостамна тӀехь массо а пхьегӀа кхозуш хир ю – боганашна тӀера кхабанашна тӀекхаччалц.
[25] Цу хенахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – ондачу меттехь болу хьостам, меттах а баьлла, охьабужур бу. Цу тӀехь кхозуш дерг, доьхна, дӀадер ду». Иштта боху Везачу Эло.