[1] Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга хӀинца, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, Ас хаьржина долу Исраилан халкъ, ладогӀа Соьга.
[2] Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гӀо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ.
[3] Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тӀе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тӀаьхьенашка.
[4] Бай тӀера буц санна, кхуьур бу уьш, хин йистера акхтаргаш санна, хьалабевр бу.
[5] Цхьаммо ша Везачу Элан ву эр ду, вукхо ша Якъубан лорур ву. Шен куьйга ша Везачу Элан ву аьлла дӀа а яздина, кхоалгӀачо ша Делан Исраилан халкъан лорур ву“».
[6] Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргӀатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац.
[7] Ас шира халкъ дӀанисдинчу заманахь дуьйна хилларг Со воцучуьнга кхин хьаьнга кхайкхалур а, дӀадийцалур а, Суна хьалха охьадиллалур а дара? Хиндолчу гӀуллакхех лаьцна аьлча, хиндерг дийцийта цуьнга!
[8] Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дӀакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХӀан-хӀа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а».
[9] ЦӀуш беш берш – берриш а хӀумма а йоцу хӀуманаш ю. Царна дукхаезаш йолу хӀуманаш пайда боцуш ю. Оцу цӀуйх тоьшалла дечарна хӀумма а ца го, хӀумма а ца хаало. Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу.
[10] Шена цхьа а пайда ца бахьан волу дела хьан вийр ву лалийна воьттинчу цӀунах?
[11] Иза деш верг а, цуьнан уллоранаш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Пхьераш шаьш а адамаш бен ма дац. Массо а схьа а гулбалийтий, цхьаьна дӀахӀиттийта уьш. Нахала а баьхна, уьш кхоьруш хир бу.
[12] Аьчкапхьеро шен гӀирсаца кӀоранан алу тӀехь болх бо. Цо жӀаьвнашца аьчках цӀунан кеп йо. Цо, шен куьйгийн ницкъ ма-кхоччу, болх бо. Иза мац а ло, гӀоранах а оьшу, хьаг а ло, кӀад а ло.
[13] Дечигпхьеро дечиг тӀехь юстаран тӀийраг кховдайо. Суьртана гонах къоламца сизаш хьокху цо. Уьрсаца дӀа а хедийна, шен гӀирсаца леррина кеп гойту. Дечигах стеган кеп йо цо, хазачу адаман аматехь сурт до цо, и цӀу цхьана цӀа чохь Ӏайтархьама.
[14] Цо баганан дитташ хедадо, шена ножан я зоьзан дитт схьакхоьхьу. Хьуьнан юккъера шена дитташ схьа а хоржу. Цу стага къахьаштонан дитт дӀадугӀу, ткъа догӀано иза доккха хуьлуьйту.
[15] Цу дечигех стагана ягориг хуьлу. Царах цхьа дакъа, цӀе а латийна, вохвала а, бепиг датта а схьаоьцу цо, ткъа вукху декъах цӀу а вой, цунна Ӏибадат до.
[16] Дечиган цхьа дакъа цӀергахь дагадо, цу тӀехь кхача а кечбо, жижиг а дотту, иза вуззалц даа а доу. Цул сов, цӀера уллохь вох а луш, стага олу: «Ма дика ду! Со хӀинца вохвелла. Суна йовхо хаало».
[17] Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цӀу. Цунна Ӏибадат а деш, стага боху: «КӀелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву».
[18] Царна хӀумма а ца хаьа, уьш хӀумманах а ца кхета. Церан бӀаьргаш а, дегнаш а дӀакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а.
[19] Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цӀергахь дага а дина, цу тӀехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цӀу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гӀур варий те?»
[20] Овкъарна тӀаьхьаваьлла лела иза, Ӏехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргӀат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?»
[21] Везачу Эло боху: «Дагахь латтаде иза, ва Якъубан тӀаьхье, ва Исраилан халкъ, хьо Сан ялхо хиларна. Ас кхоьллина хьо, хьо Сан ялхо ду. Ва Исраил, Суна цкъа а дицлур дац хьо.
[22] Ас хьан зуламаш, дохк санна, дӀадаьхна, Ас хьан къинош, марха санна, дӀадайина. Юхаверза Суна тӀе, хӀунда аьлча Ас мах баларца паргӀатваьккхина хьо».
[23] Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хӀунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гӀовгӀа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тӀаьхье Везачу Эло паргӀатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо.
[24] Хьан ПаргӀатдоккхург а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дӀанисдинчу а Везачу Эло иштта боху: «Дерриг а хӀума кхоьллина волу Веза Эла ву Со. Ас-Айса дӀасаяржийна стигалш, Сайн ницкъаца латта а дӀадаржийна.
[25] Харцпайхамарийн билгалонаш талхайо Ас, пал тосуш болчийн сонталла гучу а йоккху. Хьекъалчийн хьехам Ас бохабо, церан хьекъалх сонталла а йо.
[26] Сайн ялхойн дешнаш дӀачӀагӀдо Ас, Сайн геланчаша аьлларг кхочуш а до. Ас аьлла Ярушалайме: „Цунна чохь халкъ дехаш хир ду“, ткъа ЯхӀудан гӀаланашка: „Уьш юха а дӀахӀиттийна хир ю, церан къапалгаш Аса юхаметтахӀиттор ю“.
[27] КӀоргачу хине Ас боху: „Дакъало! Ас дӀалакъор ду хьан татолаш“.
[28] Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Ӏу ву. Цо Сан лаам кхочушбийр бу. Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахӀоттае и гӀала!’ Делан цӀийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дӀахӀоттабе!’“»