Skip to content
Opens in a new window

[1] Цу дийнахь вайн къомо эр ду: «Хьо хаставо оха, Веза Эла. Хьо тхуна оьгӀазвахана хиллехь а, Хьайн оьгӀазалла дӀаяьккхина, Ахь тхуна синтем белла.

[2] Дела ву тхо кӀелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Ӏаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хӀуманах, хӀунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кӀелхьардаьхна дела.

[3] КӀелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца».

[4] Цу дийнахь аша эр ду: «Хаставе Веза Эла, деха Цуьнга, халкъашна Цуьнан гӀуллакхех лаций дийца, Цуьнан цӀе сийлахь хилар дагадаийта массарна а.

[5] Иллица хаставе Веза Эла, Цо сийлахь гӀуллакхаш дина дела. ДӀахоуьйла иза дерриге а дуьненахь.

[6] Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хӀунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву».

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters