Skip to content
Opens in a new window

[1] Хьовсал, цхьа паччахь хир ву нийсонца урхалла деш, иштта тхьамданаш а хир бу бакъонца куьйгалла деш.

[2] Царах хӀора а мохана дуьхьал йолу дӀалечкъийла а, йочанина йина кхалор а, яьссачу арахь долу хьоста а, хьогах долчу лаьтта тӀе доьжна лекхачу тархан ӀиндагӀ а санна хир ду.

[3] Адамийн бӀаьргаш кхин бӀарзбина хир бац, ткъа церан лергашца цара тидамца ладугӀур ду.

[4] Ойла ца ечеран хьекъал хӀума хууш а, цунах кхеташ а хир ду, мотт тиссалучара шера а дуьйцур ду.

[5] Ӏовдалах иза лараме ву кхин эр дац, ямартчух иза хьанал ву а эр дац.

[6] ХӀунда аьлча Ӏовдало сонта хӀума дуьйцу, цуьнан дагахь вониг дар ду. Цо Ӏесалла лелайо, Веза Эла емалво, мецачун лаам Ӏаба ца бо, ткъа хьогахверг хи доцуш вуьту.

[7] Ямартчун гӀуллакхаш зуламе ду: цо ямартло ян ойла йо, къениг харц дешнашца хӀаллаквархьама, и къениг нийса воллушехь.

[8] Ткъа хьаналчо ойла а хьаналниг йо, дерриге а цӀена долчунна тӀехь лаьтта иза.

[9] ГӀайгӀа йоцу зударий! Хьала а гӀовттий, ладогӀа соьга. Шаьш сашортехь бу моьттуш болу мехкарий! ЛадогӀа сан дешнашка.

[10] Шарал сов, кхин масех де даьлча, кхерамца дегош хир ду шу, гӀайгӀа йоцурш! ХӀунда аьлча кемсаш а лахьор яц, ялта чудерзо хан тӀе а кхочур яц.

[11] Бегало, гӀайгӀа йоцу зударий! Лесташ хила, синтемехь болу мехкарий! Шайн бедарш охьа а кхиссий, гӀодаюккъе сингаттаман духар дехка.

[12] Хьалха ка а етташ, делха шайн яйначу исбаьхьачу аренех, хьийкъина стом лучу кемсийн таьллангех.

[13] ГӀайгӀа е тӀехь коканан коьллаш а, кӀохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цӀенойх а, йоккхаеш хиллачу гӀаланах а.

[14] ХӀунда аьлча гӀап дӀатесна хир ю, гӀовгӀане гӀала а яссалур ю. ГӀалара цӀенош а, шайна тӀехь ха деш йолу бӀаьвнаш а, саьлнаш а йина лаьттар ю гуттаренна а. Акха варраш а кхерстар ю цигахь, дежаш уьстагӀий а лелар ду,

[15] лакхара вайна тӀе Делан Са доссийтталц. ТӀаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю.

[16] Нийсо дӀахӀуттур ю яьссачу арахь, бакъдерг лаьттар ду хьийкъинчу бешахь.

[17] Нийсоно машар хуьлуьйтур бу, ткъа нийсонан стом – синтем а, сашорте а хир ю абаденналц.

[18] ТӀаккха сан халкъ машаречу хӀусамашкахь Ӏийр ду, кхерам боцучу цӀеношкахь а, паргӀато йолчу садоӀучу меттигашкахь а.

[19] Делахь а, къорано хьун йохор ю, ткъа гӀала ерриг а лахйийр ю.

[20] Декъала ду шу, хӀунда аьлча дерриге а хишна уллохь ялта дӀаделур ду шуьга, шайн бежанаш а, варраш а паргӀат яжийталур ю шуьга.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters