Skip to content
Opens in a new window

[1] Ӏузи-ЯхӀу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цӀа хьаладуьзнера.

[2] Цунна тӀехула лаьттара сирап-маликаш. Церан хӀораннан а ялх тӀам бара: шинца цара юьхь дӀакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тӀема довлура уьш.

[3] Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!»

[4] Церан аьзнаша Делан цӀийнан неӀсагӀанаш егайора, ткъа цӀа кӀуьрах хьаладуьзира.

[5] Ас элира: «Къа ду сан! ХӀаллакьхили со! Сан бага цӀена яц, цӀена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Ӏаш а ву со, ткъа сан бӀаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла».

[6] ТӀаккха цхьа сирап-малик суна тӀедеара. Морзахца сагӀа доккхучу кхерчара схьаэцна, богуш болу кӀега бара цуьнан карахь.

[7] КӀега сан бетах а Ӏоьттина, цо элира: «ХӀара хьан бетах хьакхабелла, хӀинца хьан бехк дӀа а баьккхина, хьан къиношна гечдина».

[8] Юха суна Хьалдолчу Элан аз хезира. Цо бохура: «Мила вахийта Ас? Мила гӀур ву Вайн дуьхьа?» ТӀаккха ас элира: «Со кийча ву! Со вахийтахьа».

[9] Цо элира: «Ваха а гӀой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша“.

[10] Оцу нехан дегнаш чӀагӀде, лергаш къорде, бӀаьргаш дӀакъовла, церан бӀаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тӀе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара».

[11] Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?» Цо жоп делира: «ГӀаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цӀенош диссалц, хӀара латта дерриг а дассадаллалц.

[12] Веза Эла волчу Аса адамаш кхузара генна дӀадуьгуьйтур ду, тӀаккха хӀара латта чӀогӀа дассалур ду.

[13] Адамийн уьтталгӀа дакъа лаьтта тӀехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хӀу хир ду».

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters