Skip to content
Opens in a new window

[1] ГӀаттахьа Цийон, гӀаттахьа! Ницкъ хьайна тӀебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гӀала, хьайн исбаьхьа бедарш тӀеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогӀур вац хьуна чу.

[2] Хьайна тӀера чан дӀаегаехьа, гӀаттахьа, Ярушалайм! Паччахьан гӀанта тӀе охьахаахьа! Хьайн вортанна тӀера зӀенаш схьаяхахьа, йийсаре лаьцна Цийонан йоӀ!

[3] Везачу Эло хӀара боху шен халкъе: «ХӀумма а йоцучу хӀуманах доьхкина а дара шу, мах а ца луш, оьцур ду шу».

[4] Сан Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьалха Сан халкъ Мисар-махка даханера, цигахь дахархьама. ТӀаьхьо ашурхоша Ӏазапехь даллийра иза.

[5] Ткъа хӀинца хӀун ду Сан кхузахь? – хоьтту Везачу Эло. – Мах а ца луш, йийсаре дӀадигна ду Сан халкъ, ткъа цуьнан куьйгалхой угӀуш бу, – боху Везачу Эло. – Дерриг а дийнахь Сан цӀе емалъеш лаьтташ ю.

[6] Цундела Сан халкъана Сан цӀе евзар ю, цундела царна хуур ду цу дийнахь: „Со хӀара ву!“ – аьлларг Со вуйла».

[7] Машар дӀакхайкхош волчу а, хаза кхаъ бахьаш волчу а, кӀелхьардовлар дӀакхайкхош волчу а, Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!» олуш волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогӀуш мел хаза ду!

[8] ЛадогӀа! Хьан хехоша шайн аьзнаш айдина, хазахетарца цхьаьний маьхьарий детта цара. Шайн бӀаьргашца го царна, Веза Эла Цийоне юхавоьрзуш.

[9] Яккхийейша, хазахетарца цхьаьна эшарш лакхийша, Ярушалайман херцораш! ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъан догъэцна, Цо мах баларца паргӀатъяьккхина Ярушалайм.

[10] Везачу Эло Шен беза пхьарс берзина баьккхина дерриг а халкъашна хьалха. Дуьненан массо а йистошна вайн Дала делла кӀелхьардаккхар гур ду.

[11] ДӀадуьло, дӀадуьло, арадовла цигара! Боьхачух дӀа ма хьакхало. Арадовла цу чуьра, шаьш цӀанде, Везачу Элан пхьегӀаш лелош дерш!

[12] Амма шу меллаша девр ду ара, дӀадовдур дац, хӀунда аьлча Веза Эла гӀур ву шуна хьалхаваьлла. Исраилан халкъан Веза Дела хир ву, шу лардеш, шуна тӀаьхьаваьлла вогӀуш.

[13] Везачу Эло боху: «Хьовсал, Сан Ялхо Ша дечунна тӀехь кхиам болуш хир ву. Иза чӀогӀа лакхаваьккхина а, айвина а хир ву.

[14] Иза гича, дукха адам инзардаьллера, хӀунда аьлча цхьана а адаман йоцучу кепара цӀармата дара Цуьнан сибат, цхьана а стеган ца хуьлу хатӀ дара Цуьнан.

[15] Амма Цо дукха халкъаш инзардохур ду, паччахьаша шайн баганаш дӀакъовлур ю Цунна хьалха. Шайга ца дийцинарг гур ду царна, шайна ца хезначух кхетар бу уьш».

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters