[1] Делан лаамехь верг хӀаллакьхуьлу, ткъа цхьанна а дагах ца кхета иза. Далла тешаме нах бахарна тӀера дӀабоху, амма цхьа а ца кхета – Делан лаамехь верг дӀакхолхуьйту, цунна зулам ца хилийтархьама.
[2] Нийсачу новкъахула лелларш паргӀатоне кхочур бу, царна синтем карор бу шайн Ӏожаллин меттахь.
[3] «Амма шу – тӀедуьйла кхуза, зуда-бозбунчин бераш, нахаца лелачу стеган а, кхахьпанан а хӀу!
[4] Шу хьанах кхаьрдаш ду? Хьанах доьлу шу, мотт ара а бохуш? Зуламан бераш а, аьшпаш буьттучийн тӀаьхье а яц шу?
[5] Нежнашна юкъахь а, хӀора луьстачу дитта кӀелахь а цӀушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кӀелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу.
[6] Хьан дакъа татолийн шерачу тӀулгаш юкъахь ду. Уьш хьан кхаж бу. ЦӀуш лоруш болчу оцу тӀулгашна чагӀаран а, кӀен а сагӀанаш доху ахь. Оцунна реза хуьлийла дуй Со?
[7] Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тӀе хӀоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагӀа даккха.
[8] НеӀарна а, гурана а тӀехьа хӀиттайо ахь цӀуйн билгалонаш. Сох дӀа а йоьрзий, ерзина а йолий, метта йолу хьо. Хьайца дӀабийшинчаьрца барт бо ахь цаьргара мах баккха. Цаьрга а хьоьжуш, хьайн хьарамчу лаамах там хуьлу хьуна.
[9] Хаза хьожа йогӀу хьакхар а эцна, хьо Мулка-цӀунна тӀе йогӀу. Ахь хьайн хьакхарш алсамдоху. Хьайн геланчаш генна дӀабохуьйту ахь – ур-атталла эхарте кхаччалц уьш буьссуьйтуш.
[10] Бехха некъ барна, хьо кӀадло, амма ахь ца олу: „Дог дохийла а дац!“ Хьан гӀора юха а меттахӀутту, цундела хьуна гӀелъялар ца хаало.
[11] Хьо хьанах кхераелла сел чӀогӀа, тешаме ца хиллал а, Со, виц а вина, хьайн дага чохь ца виттал а? Со вехха вист а ца хуьлуш Ӏерна, дуй те хьан Сох цакхерар?
[12] Ас хьан нийсо а, хьан гӀуллакхаш а дӀагойтур ду хьуна – царах хьуна пайда бер бац.
[13] Ахь, гӀо доьхуш, орца даьккхича, хьан цӀуйн жӀугано кӀелхьарйоккхур юй те хьо? Уьш массо а мохо дӀахьур бу, хӀоно дӀасабохур бу. Ткъа Сох тешначунна латта а кхочур ду, Сан беза лам цуьнан дола а бер бу».
[14] Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богӀа! Кеч а бе, дӀа а нисбе некъ. ДӀаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало».
[15] ХӀунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цӀе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Ӏаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтӀахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтӀахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду.
[16] Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгӀазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гӀеллур дара, Ӏаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара.
[17] Халкъан къилахь йолу сутаралла бахьанехь, Со оьгӀаз а оьхура, цунна таӀзар а дора Аса, Сайн юьхь къайла а йоккхура, эргӀад а вуьйлура, амма иза, Сох дӀа а дирзина, шен даго хаьржинчу новкъахула дӀадахара.
[18] Суна гина цуьнан некъаш, амма Ас тодийр ду иза. Ас иза дӀа а лелор ду, халкъах гӀайгӀа ечарна синтем а бийр бу.
[19] Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, – боху Везачу Эло. – Ас тодийр ду халкъ.
[20] Ӏеса нах ловзабаьлла хӀорд санна бу. И хӀорд дӀа ца тоь, цуьнан хиша сазз а, хатт а аратуьйсу.
[21] Ӏесачарна машар хир бац», – боху сан Дала.