[1] Стигалш а этӀийна, хьо чувоссахьара! Лаьмнаш дегор дара Хьуна хьалха.
[2] ЧӀешах цӀе латийча санна а, цӀеро хи кхехкийча санна а, Хьан мостагӀашна Хьан цӀе йовзийта, Хьуна хьалха къаьмнаш дегадайта!
[3] Тхо хьоьжуш доцу а, ларамах дузуьйтуш долу а гӀуллакхаш Ахь дича, Хьо чу а воьссира, лаьмнаш Хьуна хьалха дега а дира.
[4] Азалера дуьйна лергана а ца хезнера, цхьанна хаа ца велира, бӀаьргана а ца гинера кхин Дела, Хьо воцург, Шега хьоьжуш болчеран дуьхьа леладеш волу.
[5] Самукъадаларца бакъдерг кхочушдеш волчунна а, Хьан некъаш дагахь латтош волчунна а гӀо дан вогӀу Хьо. Амма Хьо оьгӀазвахара тхуна, хӀунда аьлча тхо дукха хенахь дуьйна къинош летош дара. Тхо кӀелхьар муха девр ду?
[6] Далла хьалха тхо дерриш а бехвелла стаг санна хилла дӀахӀиттина, оха мел дина бакъахьара гӀуллакхаш дегаза горгамаш санна ду. Тхо массо а, гӀа санна, маргӀалдулу, тхан къиноша, мохо санна, дӀахьо тхо.
[7] ДоӀанехь Хьоьга кхойкхуш я Хьох катоха гӀерташ цхьа а вац. Цундела Хьайн юьхь тхох къайлаяьккхина Ахь, тхайн къинош бахьанехь тхо хӀаллакьхила а дуьтуш.
[8] Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду.
[9] Веза Эла, ма гӀохьа оьгӀаз барам боцуш, абаденналц тхан къинош дагахь а ма латтадехьа. Схьахьажахьа: тхо массо а Хьан халкъ ма ду.
[10] Хьан езачу гӀаланех яьсса аре хилла. Цийонах яьсса аре хилла, Ярушалайм яссаелла.
[11] ЦӀергахь дагийна ду тхо долчохь хилла Делан цӀа, тхан дайша шена чохь Хьо хестийна а, деза а, исбаьхьа а долу. Оха лерина а, езна а ерриг а меттигаш хӀинца йохийна Ӏохкуш ю.
[12] Веза Эла, и дерриг а хиллачул тӀаьхьа а ӀадӀийр ву Хьо? Вист ца хуьлуш а, тхуна барам боцуш таӀзар деш а хир ву Хьо?