[1] «Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьӀна ву. Оцу деланийн суьрташ хӀинца бежанашна тӀехь дӀахьош ду. Хьалха аша дӀакхехьначарах кӀадделлачу даьхнина беза мохь хилла.
[2] Цхьаьний уьш дог доьхна а, охьатаьӀна а хилла. Шайн суьрташ кӀелхьар ца дахало оцу харцделанашка. ХӀинца уьш шаьш а йийсаре дӀабахана бу!
[3] ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхьенах дерш – Исраилан халкъах дийна мел диснарш. Ненан кийрара схьадевлчхьана дуьйна, Ас карахь лелийна ду шу.
[4] Со шун Дела ву, Ас шун гӀайгӀа бийр бу, шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а. Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду. Ас шуна гӀо а дийр ду, шу кӀелхьар а дохур ду.
[5] Аша Со хьаьнца вустур вара? Аша хьанах Со тарволуьйтур вара? Со санна, кхин мила ву?
[6] Наха, шайн бохчанаш схьа а достуш, деши охьахоьцу, терзанаш тӀехь дети узу цара. Дашо пхьере а кхойкхий, шайна цӀу войту цара. Юха, цунна хьалха охьа а теӀаш, Ӏибадат до цара.
[7] Шайн белшаш тӀе а вуьллий, дӀахьо цара цӀу. Шен метта дӀахӀоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта. Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза. Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло я вочу балхах цхьа а кӀелхьар а ца воккху.
[8] Дагадаийта иза, латтаде иза шайн коьртехь, шайн дага тӀе эца иза, аьрха нах.
[9] Дагадаийта дуккха а зама хьалха хилларг. Со Дела ву, Со воцург, кхин дела вац, Со Дела ву, Со санна, кхин цхьа а вац.
[10] Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хӀинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Ӏалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду.
[11] Малхбалера Ас аьрзу схьакхойкхур ю. Генарчу махкара Ас стаг схьакхойкхур ву, Сан Ӏалашо цуьнгахула кхочушъяйтархьама. Айса аьлларг Аса кхочушдойтур ду. Сайна дагадеънарг Аса дийр а ду.
[12] ЛадогӀа Соьга, аьрха адамаш, нийса долчунна генахь дерш.
[13] Ас Сайн нийсо улло схьаеана – иза генахь яц. Ас лун долу кӀелхьардовлар хьелур дац. Цийонна кӀелхьардовлар лур ду Ас, Исраилан халкъана Сайн сийлалла лур ю».