[1] И Эдомера вогӀург мила ву? Мила ву иза, цӀен оба а юьйхина, Бацарера вогӀург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг? «Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кӀелхьардаха нуьцкъала а волуш».
[2] Хьан бедарш цӀен хӀунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна?
[3] «Со цхьаъ бен вацара кемсаш хьуьйчохь, халкъашна юкъара цхьа а вацара Соьца. Ас Сайн оьгӀазаллица хьийшира уьш, Сайн дераллица этира уьш. Церан цӀий Сан обанна тӀе детталора, иштта Сайн бедар бехйина Ас.
[4] Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чӀир екхаран шо тӀекхаьчна.
[5] Со хьийжира, амма гӀоьнча вацара. Со цецвелира, гӀо лоцуш стаг ца хиларна. Амма Сан куьйго гӀо дира Суна, Сан дералло Суна накъосталла дира.
[6] Сайн оьгӀазаллица Ас къаьмнаш хьаьшира. Сайн дераллица уьш даха а дина, церан цӀий лаьтта охьадоьттира Ас».
[7] Ас хьахор ду Везачу Элан безаме гӀуллакхаш а, Цунна хастам бан хьакъ долу гӀуллакхаш а. Тхоьца Ша къинхетаме хиларна а, Шен хедар боцу безам боккха хиларна а, Везачу Эло тхуна мел динарг хьахор ду ас, Исраилан халкъана Цо мел дина диканиг а.
[8] Цо элира: «Иза Сан халкъ ду, мекарлонца лелар доцу бераш ду уьш». ТӀаккха Иза церан КӀелхьардоккхург хилира.
[9] Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кӀелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргӀатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.
[10] Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагӀа хилира: Иза Ша цаьрца тӀом беш дара.
[11] ТӀаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагӀий Ӏуйшца хӀордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг?
[12] Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дӀасадекънарг, абаденналц Шен цӀе гӀараяккхархьама?
[13] Мичахь ву уьш Ӏаннашкахула дӀабигнарг?» Шерачу арахула дӀаюьгу говр санна бара уьш, тийса а ца луш, дӀабоьлхуш.
[14] ТогӀи чу буссу бажа санна, Везачу Элан Сино садаӀа буьгуш бара уьш. Иштта Хьайн халкъ дӀадуьгура Ахь, Хьайн сийлахь цӀе гӀараяккхархьама.
[15] Стигалара охьахьажахьа, Хьайн деза а, сийлаллин а долчу цӀа чуьра схьахьажахьа: Хьан леррина хилар а, ницкъ а мичахь бу? Хьан боккха гӀайгӀа а, ницкъ а мичахь бу? Хьан эсалалла а, тхоьга болу къинхетам а сецна бу.
[16] Хьо-м тхан Да ву, ИбрахӀимна тхо ца довзахь а, Исраилан халкъо тхо къобал ца дахь а. Хьо ву, Веза Эла, тхан Да, тоххара дуьйна а Хьан цӀе «Тхан ПаргӀатдохург» ю.
[17] Хьайн некъаш тӀера тхо гал хӀунда довлийтира Ахь, Веза Эла? Хьайна хьалха ларамах дуьзна ца хиллал чӀогӀа тхан дегнаш чӀагӀ хӀунда далийтира? Юхаверзахьа тхо долчу Хьайн ялхойн дуьхьа – Хьайн долахь долчу къоман тайпанийн дуьхьа.
[18] КӀеззигчу хенахь бен Хьан халкъан долахь ца хилира Хьан еза меттиг. Ткъа хӀинца тхан мостагӀаша хьаьшира Хьан деза цӀа.
[19] Ахь тхан дола цкъа а ца дича санна, Хьан цӀе тхоьца ца йоьзча санна хилла дӀахӀиттира тхо.