Skip to content
Opens in a new window

[1] Веза Эла! Хьо сан Дела ву. Аса вазвийр ву Хьо, Хьан цӀе хастайийр ю, Ахьа тамашийна гӀуллакхаш дина дела. Тоххара дуьйна Ахьа бина сацамаш, Ахьа ма-аллара, иштта кхочушбира.

[2] Ахьа гӀаланах тӀулгийн оьла йина, чӀагӀйинчу гӀаланах саьлнаш йина, хийрачу къоман гӀопах гӀала йоцург йина. И гӀала цкъа а юхаметтахӀоттийна хир яц.

[3] Цундела нуьцкъалчу халкъо Хьо лорур ву, буьрсачу къаьмнийн гӀала Хьох кхоьрур ю.

[4] Мискачунна Хьо волчохь дӀалечкъийла хилла, холчохь волчу гӀийлачунна Хьо кӀелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ӀиндагӀ санна хилла, хӀунда аьлча буьрсачу нехан садеӀар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду.

[5] Хийрачу нехан чуьрабийлар сацийна Ахьа. Мархин ӀиндагӀо йовхо дӀаяккхар санна, буьрсачу нехан баккхийбер дӀадаьккхина Ахьа.

[6] Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тӀехь массо а халкъан той хӀоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагӀар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагӀар шира а, цӀена а хир ду.

[7] Дерриге а халкъашна тӀетесна йолу шаршу а, массо а къаьмнаш дӀахьулдина долу кирхьа а дохийна дӀадоккхур ду Цо цу лам тӀехь.

[8] Ӏожалла гуттаренна а дӀакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тӀера бӀаьрхиш дӀадохур ду. Дерриге а дуьнен тӀехь Шен халкъ емалдар дӀадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло.

[9] Цу дийнахь эр ду: «ХӀара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кӀелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кӀелхьардахарна!»

[10] Везачу Элан куьг Цийон-лома тӀехь ду, амма Муабин къам ша Ӏаш долчу меттехь хьоьшур ду, кхеллин ор чохь ча хьашар санна.

[11] Нека дечо санна, цо куьйгаш тийсахь а, Дала цуьнан дозалла дар лахдийр ду цуьнан куьйгийн мекараллица цхьаьна.

[12] Цуьнан лекхачу пенийн чӀагӀо лаьтта а йожийна, чена юккъе охьайожор ю Везачу Эло.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters