Skip to content
Opens in a new window

[1] Сагалматийн тӀемийн гӀовгӀанах дуьзна долчу а, Хуша-махкарчу хишна дехьа долчу а лаьттан къа ду.

[2] Нил-хина тӀехула шайн векалш бохуьйту цу лаьтта тӀера, ткъа уьш эрзах динчу хинкеманаш тӀехь хишна тӀехула лела. ТӀах-аьлла векалш, дӀадуьйлало! Лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъана тӀе гӀо! Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагӀий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу.

[3] Шу дерриш а, дуьнен чохь дехаш дерш! Хьовсалаш, лам тӀехь байракх дӀатоьхча, ладогӀалаш, лоькхучу коьман маӀан аз хезча.

[4] Везачу Эло аьлла соьга: «Меттах а ца волуш, Со хьоьжу Сайн хӀусамера, малх кхеттачу дийнахь лаьтта йовхо санна, ялта чудерзочу йовхачу хенахь тхин марха санна.

[5] Кемсаш лахьо хан тӀекхачале, церан заза а доьжна, стом кхиа болабелча, Везачу Эло уьрсаца ца оьшу гаьннаш дӀа а хедийна, дӀакхуьссур ду, маргӀалш а хедор ду.

[6] Лаьмнаш тӀера дерачу олхазаршна а, аренашкара акхарошна а дуьтур ду дерриг а. Олхазарш аьхкенан заманахь хир ду цигахь, ткъа аренан акхароша Ӏа доккхур ду цу меттехь».

[7] Цу хенахь массо а ницкъийн Везачу Элана лерина сагӀа доккхур ду лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъо. Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагӀий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Цийон-лома тӀехь, массо а ницкъийн Везачу Элан меттехь, дохур ду и сагӀанаш.

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters