Skip to content
Opens in a new window

[1] «Вайн лаьттан олахочунна совгӀатна Ӏахарий дахьийта СилаӀ-гӀалара яьссачу аренгахула Цийонан йоӀан лам тӀе».

[2] Бенаш чуьра ара а кхиссина, кхерсташ лелачу олхазарех тера хир бу Муабин зударий Арнон-хин гечонаш йолчохь.

[3] «Хьехар лохьа, хӀун дан деза алахьа, – боху муабахоша ЯхӀудан халкъе. – Буьйсанан бодано санна, дийнахь хьайн ӀиндагӀца дӀахьулдехьа тхо, ларбехьа лаьхкина лелош берш, девдда лелаш долу тхо Ӏора ма дахахьа.

[4] Хьо волчохь Ӏайтахьа сан лаьхкина лелош болу муабахой, хӀаллакбечух йолу дӀалечкъийла царна хилахьа». Ницкъбийриг дӀавер ву, хӀаллакдар а соцур ду, гӀело йийраш лаьтта тӀера дӀабевр бу.

[5] ТӀаккха хедар боцучу безаман бух тӀехь паччахьалла дӀахӀоттор ду, Даудан тӀаьхьенах волчу тешамечу паччахьо олалла дийр ду. Иза бакъдерг лоьхуш волу кхелахо хир ву, нийсо лело сихлур а ву.

[6] «Муабин кураллех лаьцна хезна тхуна, цуьнан деза деттарх а, дозаллах а, чуьравийларх а хезна. Амма цуьнан деза деттар эрна ду».

[7] Цундела муабахой боьлхур бу, цара массара а Муабин къомах белхар дийр ду. Кхир-Хьарсат-гӀалара Ӏаьвдинчу кемсийн курсаш дага а оьхуш, аша узарш а дийр ду, шу дог доьхна а хир ду.

[8] Цу хенахь иштта хир ду: Хьешбон-гӀалина уллора кхаш дакъалур ду, ткъа Сибма-гӀалин кемсийн бошмаш мазакъъевр ю. Кхечу къаьмнийн олахоша бошмийн тоьлла йолу таьллангаш хьоьшур ю. ДӀаяханчу хенахь и таьллангаш ЯӀзир-гӀалина тӀекхаччалц яьссачу ара кхочура, кемсийн таьллангаш, дӀаса а яьржаш, хӀордал дехьайовлуш яра.

[9] Цундела со а, ЯӀзирера бахархой санна, тийжар ву хӀаллакйинчу Сибмерачу кемсийн бошмех. Шуьца хиллачух сайн бӀаьрхиш Ӏенор ду ас, Хьешбон-гӀалара а, ЭлиӀала-гӀалара а бахархой, хӀунда аьлча шун кемсаш а, ялта а чудерзош хуьлуш долчу гӀовгӀанечу самукъадаларан метта тӀеман маьхьарий детташ ду.

[10] Токхечу лаьтта тӀера самукъадалар а, доккхадедар а дӀаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дӀасацийна.

[11] Цундела мерзаша роггӀана дагадо пӀелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан.

[12] СагӀа доккхучу шайн гуна тӀе хьала а бовлуш, муабахоша шаьш кӀадбахь а, шайн деланийн цӀенна тӀе а баьхкина, шаьш доӀанаш дахь а, гӀуллакх хир дац.

[13] Иза дара Везачу Эло дукха хенахь дуьйна хьалха муабахойх аьлла дош.

[14] Ткъа хӀинца Везачу Эло иштта боху: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, кхо шо даьлча, Муабин сийлалла дерриг а цуьнан доккхачу халкъаца хӀаллакйийр ю. Бисинарш вуно кӀезиг а, ницкъ боцуш а хир бу».

ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters