[1] Ӏузи-ЯхӀу а, Йовтам а, Ахьаз а, Хьузакх-ЯхӀу а ЯхӀуд-махкахь паччахьаш болчу заманчохь Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна ЯхӀуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна Дала суьрташ хӀиттийра.
[2] ЛадогӀа, стигалш, ладогӀа, латта, хӀунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кӀентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла.
[3] Старана шен да вевза, вирана шен хӀусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета».
[4] Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тӀаьхье! Веза Эла дӀа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша.
[5] Шуна кхидӀа а хӀунда таӀзар дан деза? Шу кхидӀа а хӀунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гӀелделла ду.
[6] Когийн айрашна тӀера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегӀа тӀехь. ДегӀа тӀехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьӀнаш ду. Уьш цӀан ца дина, дӀа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама.
[7] Шун латта дассаделла, гӀаланаш цӀеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бӀаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тӀелетча санна.
[8] Цийонан йоӀ го лаьцна йисина ю. Иза лаьтта кемсийн бешахь йолу бун санна, наьрсийн кха тӀехь йолу кхалор санна.
[9] Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гӀала санна хир дара, Ӏамор-гӀаланах дӀатарлур дара.
[10] Везачу Элан даше ладогӀа, Седамера баьччанаш! Вайн Дала тӀедиллиначуьнга ладогӀа, Ӏаморера халкъ!
[11] Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагӀанаш дахар? УьстагӀий дагоран сагӀанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тӀехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Ӏахарийн а, гезарийн а цӀий Суна тамехь дац.
[12] Шу Суна дуьхьалхӀитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша.
[13] Ма кхехьа Суна ца оьшу совгӀаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ягош, доху сагӀанаш. Бутт цӀинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тӀаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета!
[14] Бутт цӀинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бӀаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кӀадвелла и мохь дӀакхехьа.
[15] ДоӀанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бӀаьргаш дӀакъовлу, шайн доӀанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хӀунда аьлча шун куьйгаш цӀийх дуьзна ду.
[16] Хих довла, цӀанло, шайн зуламе гӀуллакхаш Сан бӀаьргашна хьалхара дӀадаха, вониг ма де.
[17] Диканиг дан Ӏама, нийсо лелор лаха, гӀело яр сацаде, вон гӀуллакх нийсонца къастаде, йисина Ӏачу зудчун бакъонаш ларъе.
[18] Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кӀадин таьӀна-цӀен бос санна дӀа ца дахалуш делахь а, ло санна, кӀайдийр ду уьш. Уьш сирла-цӀен бедар санна делахь а, тӀаргӀа санна, кӀайдийр ду.
[19] Нагахь, Соьга ла а доьгӀна, Ас бохург аша тӀеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша.
[20] Ткъа, Сох дӀа а къаьстина, шу дуьхьалдовлахь, туьро дӀакхоллур ду шу». Хаа ду шуна, Везачу Эло Ша элира иза.
[21] Тохара Везачу Элана тешаме хилла йолу гӀала хӀинца, кхечу деланашна Ӏамал а еш, кхахьпанах тар ма елла! Тохара бакъдерг лелорах юьзна яра иза, нийсо цунна чохь Ӏаш яра, амма хӀинца цигахь адамаш дойурш бен бац!
[22] Хьан детино боьха пардо лаьцна, хьан дика чагӀар хино талхийна.
[23] Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хӀуманна тӀаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Ӏачу зудчун гӀуллакх цара къаста ца до.
[24] Цундела боху берриге а ницкъийн Хьалдолчу Эло, Исраилан Нуьцкъалчо: «Сайна дуьхьалбевллачех Со паргӀатвоккхур ву Аса, Сайн мостагӀашна бекхам бийр бу Аса!
[25] Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тӀера боьханиг дӀадоккхур ду, тӀелеттачух хьо цӀанйийр ю.
[26] Хьалха санна Ас хьуна куьйгалхой лур бу. Тохара санна Ас хьуна хьехамчаш лур бу. Цул тӀаьхьа хьох „Нийсонан шахьар“ а, „Тешаме гӀала“ а эр ду».
[27] Цийон нийса йинчу кхело кӀелхьарйоккхур ю, Далла тӀебирзина цуьнан бахархой кӀелхьарбохур бу, Дала бакъдерг лела а деш.
[28] Далла дуьхьал бевлларш а, къинош летийнарш а лийр бу, Веза Эла дӀатеснарш хӀаллакбийр бу.
[29] Шу юьхьӀаьржа хир ду ножан боьлакаш бахьана долуш, аша цигахь цӀушна Ӏибадат дина дела. Шуна эхь хетар ду шайн бошмаш бахьана долуш, дог царах лезна дела.
[30] ГӀа охьадоьжна наж санна, хир ду шу, хи доцу беш санна, хир ду.
[31] Ондачух кевстаг хир ю, цуьнан гӀуллакхах суй хир бу. Уьш цхьаьна догур ду, цхьаммо а дӀа а ца дойуш.