Skip to content
Opens in a new window

[1] Дена тӀе а кхетта, цунна барташ а дохуш, вилхира Юсуп.

[2] Шен ялхошка-лоьрашка ден дакъа талха ца талхийта, молханаш а тохий, кечде аьлла, омра дира цо. Лоьраша иза кечдира.

[3] Цу кечамна шовзткъа де дӀаделира, хӀунда аьлча цу балхана лерина йолу хан яра иза. Мисархоша кхузткъе итт дийнахь белхарш дира Якъуб велча.

[4] Белхаран денош чекхдевлча, Юсупа элира пирӀунна уллорчу нахе: «Шу суна реза делахь, доьху шуьга, пирӀуне дӀаала:

[5] „Сан дас, соьга чӀагӀо а яйтина, элира: ‘Со леш ву, ас КанаӀан-махкахь яьккхинчу къубба чохь дӀаволлалахь со’. Пурба ло суна, вахана, сайн да дӀаволла, цул тӀаьхьа со юхавогӀур ву“».

[6] ПирӀуно элира: «Ваха а гӀой, айхьа чӀагӀо ма-ярра, хьайн да дӀаволла».

[7] Юсуп шен да дӀаволла воьдуш, цуьнца пирӀунна уллора нах а, пирӀунан цӀийнера а, берриг Мисар-махкара а элий бахара.

[8] Юсупан доьзалера берш а, вежарий а, цуьнан ден цӀийнах болу нах а бахара. ГӀашанехь бераш а, даьхни а бен ца дисира.

[9] Царна тӀаьхьахӀиттина йогӀуш гӀудалкхаш а яра, дошлой а бара. Дукха адам дара дӀадогӀуш.

[10] Йордан-хина малхбалехьа йолчу Атад олучу хьаьтта кхаьчча, чӀогӀа белха хӀиттира уьш. ВорхӀ дийнахь цигахь белхар дира Юсупа.

[11] Атада уллохь долу и белхар а гина, цу меттехь Ӏаш болчу канаӀанхоша элира: «Мисархойн доккха белхар ду». Цундела Йорданна малхбалехьа йолчу цу меттигах Абал МицӀраим олу (иза «мисархойн белхар» бохург ду).

[12] Иштта Якъубан кӀенташа цуьнан весет кхочушдира.

[13] КанаӀан-махка дӀа а ваьхьна, Мамари цӀе йолчу меттигна уллохь йолчу Махпела олучу арахь лаьттачу хьеха чохь дӀавоьллира цара иза. И хьех цу аренца цхьаьна ИбрахӀима хьетахочуьнгара Ӏепронера эцнера, шен белла нах цу чохь дӀабохкархьама.

[14] Да дӀа а воьллина, шен вежаршца а, цига баьхкинчу нахаца а Мисар-махка вухавеара Юсуп.

[15] Шайн да велча, Юсупан вежарша ойла йира: «ХӀун хаьа, Юсуп вайна оьгӀазвахана Ӏаш хила мега, шена вай динчу вонна дуьхьал хӀинца бекхам бан дагахь?»

[16] Цара Юсупна тӀе нах бахийтира цуьнга ала: «Ша валале хьан дас тхуна весет дина:

[17] „Шайн веше Юсупе дӀаала: ‘Ас доьху хьоьга вежаршна цара латийначу къинна гечдар’. Оха а доьху хьоьга, Юсуп, хьайна бинчу вочу балхана гечдехьа хьайн ден Делан лешна“». Шега даийтинчу хабаре ладугӀуш волу Юсуп вилхира.

[18] ТӀебаьхкина, гора а эгна, цуьнан вежарша элира: «Тхо хьан леш ду».

[19] Юсупа жоп делира: «Кхера ма кхера. Со Дела ма вац.

[20] Шуна дагадеара суна зулам дан, амма Дала цунах дика болх хилийтира, хӀинца тахана долуш дерг кхочушхилийта: дукха адамаш лечуьра кӀелхьардахар.

[21] Цундела ма кхера: ас шу а, шун бераш а кхобур ду». Уьш тебеш, цаьрца эсала къамел дира цо.

[22] Шен ден доьзалца Мисар-махкахь Ӏийра Юсуп. Цуьнан бӀе итт шо кхаьчнера.

[23] Иза дийна а волуш, Эпрайман бераш а, берийн бераш а хилира. Маннашан кӀантана Макирна дина бераш а, шен долуш санна, тӀеийцира цо.

[24] Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гӀо дийр ду. Кху лаьтта тӀера Ша ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀонца деллачу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Цо».

[25] Исраилан кӀенташка чӀагӀо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гӀо дийр ду, тӀаккха аша сан даьӀахкаш кхузара дӀаяхьа еза».

[26] Иштта бӀе итт шо долуш Юсуп кхелхира. Ца талхийта молханаш а тоьхна, кеч а дина, Мисар-махкахь тӀорказ чу диллира цуьнан дакъа.

Дуьненан доладалар — Chapters