[1] Цул тӀаьхьа, ИбрахӀиман Шех тешар зен а лиъна, Дала элира: «ИбрахӀим!» ИбрахӀима жоп делира: «Со ладугӀуш ву».
[2] ТӀаккха Дала элира: «Хьайн цхьаъ бен воцу, хьайна дукхавезаш волу кӀант Исхьакх, Мори-махка дӀа а вигий, Ас гойтун болчу лома тӀехь, вен а вей, сагӀина вагаве».
[3] Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен вираца, Исхьакх а, ши ялхо а эцна, сагӀа деш даго дечиг а даьккхина, Дала шега гӀо аьллачу метте дӀавахара ИбрахӀим.
[4] КхозлагӀчу дийнахь, корта хьала а айина, дӀахьаьжначу ИбрахӀимна геннахь шаьш доьлху меттиг гира.
[5] ИбрахӀима элира шен ялхошка: «Вираца кхузахь совца, ткъа со а, кӀант а, цига дӀа а вахана, Далла лерина гӀуллакх а дина, юхавогӀур ву».
[6] СагӀа доккхуш даго кечдина дечиг Исхьакхан белш тӀе а диллина, урс а, цӀе а схьаийцира ИбрахӀима. Цхьаьний дӀаволавелира и шиъ.
[7] Шен дега ИбрахӀиме элира Исхьакха: «Дада!» «ХӀун боху ахь, сан кӀант?» – хаьттира ИбрахӀима. «Суна дечиг а, цӀе а го, – элира Исхьакха, – ткъа сагӀа доккхуш вай багор болу Ӏахар мичахь бу?»
[8] «Дала Ша боуьйтур бу сагӀа даккха Ӏахар, сан кӀант», – элира ИбрахӀима. КхидӀа а цхьаьний дӀавахара и шиъ.
[9] Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахӀима сагӀа даккха меттиг кечйира, тӀулгаш а дехкина. Царна тӀе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тӀе шен кӀант Исхьакх охьавиллира цо.
[10] Урс схьа а эцна, шен кӀантана иза хьакха кечвелира иза.
[11] Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахӀим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахӀим!» «Со кхузахь ву», – аьлла, жоп делира ИбрахӀима.
[12] Малико элира: «Ма велахь кӀант, цунна зе ма делахь. ХӀинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтӀахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кӀант Сан дуьхьа ахь ца кхоор».
[13] ДӀахьаьжначу ИбрахӀимна гира, коьллех маӀаш а тийсалуш, лаьтта ка. ТӀевахана, схьа а лаьцна, шен кӀентан метта Далла леринчу сагӀина и ка бийра цо.
[14] Цу меттигна ИбрахӀима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цӀе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тӀехь Везачу Эло оьшург ло», – олий.
[15] Юха а ИбрахӀиме стигалара кхайкхира Везачу Элан Малик:
[16] «Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кӀант ца кхоош, ахь иза дина,
[17] цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю.
[18] Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтӀахь хиларна дийр ду Ас хьуна».
[19] ИбрахӀим шен ялхой болчу юхавеара. Уьш цхьаьний Беар-ШабаӀе схьабаьхкира. ИбрахӀим вехаш кхин а Ӏийра цигахь.
[20] И дерриг а хиллачул тӀаьхьа ИбрахӀиме хаам кхечира: «Хьан вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а хӀинца бераш ду.
[21] Дуьххьарлера кӀант ӀуцӀа ву, шолгӀа кӀант Буз ву, кхозлагӀа кӀант – Къамуал, Араман да ву.
[22] Кхин а Хашад а, Хьоза а, Пилдаш а, Идалп а, Бетаал а ву».
[23] Бетаал Ребикхин да ву. Малка оцу бархӀ кӀентан нана ю, ткъа ИбрахӀиман ваша Нахьир церан да ву.
[24] Нахьиран кхин виъ кӀант ву, цуьнан гӀарбаша Реумис вина – Тебахь а, Гахьам а, Тахьаш а, МаӀха а.