Skip to content
Opens in a new window

[1] Шен зуда а, берриг а бахам а эцна, Мисар-махкара НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахула дӀавахара Ибрам. Цуьнца цхьаьна ЛутӀа а вара.

[2] Ибрам цу хенахь чӀогӀа хьал долуш вара, цуьнан дуккха а даьхни а, дети а, деши а дара.

[3] КхидӀа а шен некъ беш, НегӀаб-арара дӀа а вахана, Бетал-гӀала веара иза. Бетал-гӀалина а, ГӀай-гӀалина а юккъехь ша хьалха шен доьзалца Ӏийначу метте юхавеара иза.

[4] Цигахь хьалха ша сагӀа доккху меттиг кечйиначохь Везачу Эле кхайкхира иза.

[5] Ибрамна юххехь волчу ЛутӀин дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а, дӀахӀиттийна четарш а дара.

[6] Цу шиннан даьхни дукха хиларна, уьш Ӏачу лаьтта тӀе иза тар ца лора.

[7] Ибраман а, ЛутӀин а Ӏуй вовшашца къийса буьйлабелира. Ткъа цигахь, цул сов, цу хенахь бехаш канаӀанхой а, перезахой а бара.

[8] ТӀаккха Ибрама элира ЛутӀе: «Товш дац вайшинна а, вайн Ӏуьнашна а вовшашца къийсадала, хӀунда аьлча вай вежарий ду.

[9] ДӀасакъаьстар ду вай. Хьайна луъу меттиг харжа. Нагахь хьо аьрру агӀор гӀахь, со аьтту агӀор гӀур ву, нагахь хьо аьтту агӀор гӀахь, со аьрру агӀор гӀур ву».

[10] ДӀахьаьжначу ЛутӀина Йордан-хи догӀу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогӀи ЦӀоӀар-гӀалина тӀекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта.

[11] ЛутӀас шена Йорданан тогӀи хаьржира. И шиъ дӀасакъаьстира: ЛутӀа малхбалехьа вахара,

[12] ткъа Ибрам КанаӀан-махкахь висира. ЛутӀа тогӀи чохь йолчу гӀаланашна юккъехь ваха хиира. Седамана тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен четарш хӀиттийра цо.

[13] Седаман бахархой чӀогӀа зуламе а, Везачу Элана хьалха къинош летийна а бара.

[14] ЛутӀа дӀакъаьстинчул тӀаьхьа Везачу Эло элира Ибраме: «ДӀасахьажал гонах, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбалехьа а, малхбузехьа а хьажал.

[15] Дерриг а хьуна гуш долу хӀара латта Ас хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀалур ду.

[16] Ас алсамйоккхур ю хьан тӀаьхье, Лаьтта тӀера гӀум санна, дукха хир бу уьш. Нагахь санна гӀамаран буьртигаш дагарлург хилча, хьан тӀаьхьенаш а ягарлур яра.

[17] ДӀавалуо, хьайн лаьтта тӀехула йохалла а, шоралла а волалуо, хӀунда аьлча хьуна дӀало Ас иза».

[18] Шен четарш дӀа а оьзна, Мамари долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь, Хьеврон-гӀалина гена воцуш, ваха охьахиира Ибрам. Цигахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг а кечйира цо.

Дуьненан доладалар — Chapters