[1] Дукха хан ялале Мисаран паччахьан ши ялхо, чагӀардуттург а, бепигдоттург а, шайн элана, Мисар-мехкан паччахьна хьалха бехке хиллера.
[2] ПирӀун оьгӀазвахнера шен коьртачу чагӀардуттучунна а, коьртачу бепигдоттучунна а.
[3] Цо и шиъ Юсуп чувоьллина волчу, цуьнан элан Патипаран цӀенца йолчу набахти чу воллийтира.
[4] Набахтин коьртачу хьаькамо уьш Юсупе дӀабелира. Юсуп церан гӀуллакхе хьожуш вара. Чувоьллинчул тӀаьхьа жимма хан яьлча, цу шина ялхочунна
[5] цхьана буса гӀан гира. ХӀора гӀенан шен маьӀна дара.
[6] ШолгӀачу Ӏуьйранна уьш болчу веача, Юсупна гира и шиъ гӀайгӀане воьжна.
[7] Шеца шен хӀусамден цӀа чохь чубоьхкинчу пирӀунна уллорчу элашка хаьттира цо: «Тахана сел гӀайгӀане хӀунда ву шуьшиъ?»
[8] «Тхойшинне а гӀан гина, – жоп делира цара, – ткъа цунах дерг кхето стаг вац». Юсупа элира цаьрга: «Кхетор Делера дац ткъа? Дийцал суна шайн гӀенаш».
[9] Коьртачу чагӀардуттучо дийцира Юсупна шен гӀан: «Суна гӀенах кемсийн таьлланг гира.
[10] Цу тӀехь кхо га дара. Таьлланго заза даьккхира, юха зазанах цу сохьта кемсийн хорханаш хилира.
[11] Сан карахь пирӀунан кад бара. Ас, кемсаш а яьхна, кеда чу мутт а даьккхина, пирӀуне кад дӀабелира».
[12] «Цуьнан маьӀна иштта ду, – элира цуьнга Юсупа. – Кхо га – иза кхо де ду.
[13] Кхо де даьлча, пирӀуно хьо лаккха айина, хьалха хиллачу метте дӀахӀоттор ву. Ахьа, хьалха ма-баллара, пирӀуне кад дӀалур бу.
[14] Амма ас доьху хьоьга, хьайна дика хан тӀееача, со дага а ваийтий, суна дика болх хилийтархьама пирӀуне со хьахавелахь, набахти чуьра араваккха алий.
[15] Ӏебархойн махкара нуьцкъах схьавалийна со, кхузахь а набахти чуволлал хӀума а ца даьлла соьгара».
[16] Юсупа динчу маьӀнина реза а хилла, коьртачу бепигдоттучо элира цуьнга: «Суна а гира гӀан: ас коьрта тӀехь латтош кхо тускар дара, чохь бепиг а долуш.
[17] Лакхарчу тускар чохь пирӀунна деттина бепиг дара, амма иза олхазарша, зӀакарш а етташ, дууш дара».
[18] «Цуьнан маьӀна иштта ду, – элира Юсупа. Кхо тускар – иза кхо де ду.
[19] Кхо де даьлча, хьо а пирӀуно лаккха хьалаойур ву – хьокханна тӀе а хаийна, ткъа олхазарша хьан дегӀах зӀакарш еттар ю».
[20] Кхо де даьлча, пирӀунан вина де дара. Цо той хӀоттийра шена уллорчарна. Уьш гонах а болуш, пирӀуно лаккха хьалаайира коьрта чагӀардуттург а, коьрта бепигдоттург а.
[21] Коьрта чагӀардуттург шен хьалхалерчу метте дӀахӀоттийра цо, вукхо юха а пирӀунан кара кад белира.
[22] Ткъа коьрта бепигдоттург хьалаоьллира, Юсупа маьӀна деш ма-аллара.
[23] Амма коьртачу чагӀардуттучунна Юсуп дага ца веара, цунна иза вицвеллера.