[1] Рахьална гора шен Якъубана дина бер ца хилар. Шен йишех Леэх хьоьгуш, цо элира Якъубе: «Со лийр ю, ахь сан бераш ца хилийтахь!»
[2] Якъуба элира, Рахьална оьгӀаз а вахана: «Хьуна бераш ца деллачу Делан метта-м вац со?»
[3] ТӀаккха Рахьала элира: «Сан ялхочуьнца Балхьатца дӀавижа. Нагахь санна цо суна бер дахь, сан а цуьнгахула доьзал хир бу».
[4] Рахьала шен ялхо Балхьат елира Якъубана, цунах зуда яйта. Якъуб цуьнца дӀавижира.
[5] Доьзалхочух а хилла, Якъубана кӀант вира Балхьата.
[6] «Сан доӀанаш а хезна, Дала со бакъйина, – элира Рахьала. – Цо суна кӀант велла». Цо кӀентан цӀе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду).
[7] Юха доьзалхочух хиллачу Рахьалан ялхочо Балхьата шолгӀа кӀант вира Якъубана.
[8] «Дала бахьана а хӀоттийна, сайн йишица къовса а елла, толам баьккхи ас», – элира Рахьала. Цу кӀентан цӀе Наптал тиллира цо (иза «къийсам» бохург ду).
[9] Шен кхин бер ца хуьлий хиинчу Леас Якъубана шен ялхо Залпаъ елира, цунах зуда яйта.
[10] Леин ялхочо Залпаа Якъубана кӀант вира.
[11] «Сан аьтто хилла», – элира Леас. Цо кӀентан цӀе Гада (иза «аьтто» бохург ду) тиллира.
[12] Леин ялхочо Залпаа Якъубана кхин цхьа кӀант а вира.
[13] Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХӀинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кӀентан цӀе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду).
[14] КӀа хьокхучу хенахь арахула вогӀучу Раабанна дудаъ цӀе йолу орамаш карийра. Цо уьш шен нанна Леина схьадеара. Рахьала элира Леига: «Хьан кӀанта деана дудаъ-орамаш лохьа суна жимма».
[15] «Ахь майра а ваьккхина соьгара, – элира Леас, – хӀинца сан кӀанта деана дудаъ-орамаш а деза хьуна?» Амма Рахьала жоп делира: «Нагахь хьайн кӀанта деана орамаш ахь суна лахь, тховссехь Якъубца дӀайижа мегар ду хьуна», – аьлла.
[16] Сарахь Якъуб арара цӀа вогӀуш, Леа цунна дуьхьал елира. «Тховса хьо соьца дӀавуьжур ву, – элира цо. – Ас сайн кӀентан дудаъ-орамаш делла хьох». Цу буса Якъуб Леица дӀавижира.
[17] ТӀаккха Леин доӀанаш а хезна, Дала юха а доьзалхочух хилийтира иза. Цо Якъубана пхоьалгӀа кӀант вира.
[18] Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгӀат дина суна». Цо кӀентан цӀе Иссархан тиллира (иза «совгӀат ду» бохург ду).
[19] Юха а доьзалхочух а хилла, Якъубана ялхалгӀа кӀант вира Леас.
[20] «Дала тамашийна похӀма делла суна, – бохура Леас. – ХӀинца Якъуба со, билггала, лорур ю, хӀунда аьлча ас ялх кӀант вина цунна». Цо кӀентан цӀе Забул тиллира (иза «ларам» бохучух тера ду).
[21] Цул тӀаьхьа Леас йоӀ йира, цуьнан цӀе цо Дина тиллира.
[22] Рахьал дагахь а йолуш, цуьнан доӀина жоп а делла, бер хилийта аьтто бира Дала.
[23] Доьзалхочух а хилла, кӀант вира Рахьала. Цо бохура: «Дала хӀара эхь дӀадаьккхи суна тӀера».
[24] Цо кӀентан цӀе Юсуп тиллира (иза «алсамдалийта» бохург ду). «Везачу Эло кхин а лойла суна кӀант», – бохура цо.
[25] Юсуп винчул тӀаьхьа Якъуба элира Лабане: «ДӀавахийтахь со, сайн махка гӀур вара со.
[26] Ас хьуна болх бина болу сан зударий а, бераш а схьалохьа, тӀаккха со дӀагӀур ву. Хьуна ма-хаъара, ас хьуна гӀуллакх дика дина».
[27] «Нагахь хьо суна резавелахь, ма гӀохьа дӀа, кхузахь Ӏехьа, – жоп делира цунна Лабана. – Пал тесча, суна хиина, хьо бахьана долуш со Везачу Эло декъалвина хилар.
[28] Алахьа соьга хьайн мах, ас дӀалур бу хьуна».
[29] Якъуба элира: «Хьуна хаьа, ас хьуна болх дика бина: ас Ӏалашдар бахьана долуш хьан даьхни дика хилла.
[30] Со хьо волчу веанчу хенахь хьан хьал дукха дацара, ткъа хӀинца хьан иза дуккха а ду. Со варца Везачу Эло декъалвина хьо. ХӀинца сайна оьшург дан лаьа суна. Цкъа мацца дина а сайн цӀийнан гӀуллакх ца дича волий со?»
[31] «ХӀун ло ас хьуна?» – хаьттира Лабана. Амма Якъуба элира: «Суна хӀумма а дала ца оьшу. Ас бохург дан лаахь, соьга кхидӀа а хьайн уьстагӀий дажадайта.
[32] Пурба ло суна, тахана хьайн жашкахула чекх а ваьлла, дерриг а махарчий йолу а, къорза а уьстагӀий схьаэца, ткъа иштта массо а Ӏаьржа Ӏахар а, махарчий йолу а, къорза а гезарий схьаэца а. Иза суна белла мах хир бу.
[33] ТӀейогӀучу хенахь хьуна атта хир ду со зен: сан жашка хьажа веача, махарчий йоцу я томмагӀаш доцу бож хилахь я Ӏаьржа боцу Ӏахар хилахь, хьуна хуур ду, ас иза хьайн лачкъинийла».
[34] Лабана жоп делира: «Со реза ву, ахьа ма-бохху дийр ду вай».
[35] Амма оццу дийнахь Лабана массо а къорза а, махарчий йолу а гезарий а, Ӏаьржа Ӏахарий а дӀа а лачкъийна, шен кӀенташка уьш ларде элира.
[36] Кхаа дийнахь новкъа дӀа а бахана, къорза даьхни кхечу метте дӀалаьллира кӀенташа. Ткъа Якъуб важа даьхни дажош висира.
[37] ТӀаккха Якъуба, толлан а, бӀаран а, хьехан а дитташ тӀера гаьннаш а даьхна, цхьацца йолчу меттера царна тӀера чкъор дӀадаьккхира. Гаьннаш тӀехь кӀайн махарчий йисира.
[38] Цо и гаьннаш бежанаша хи молучу массо а меттехь охьадохкура. Хи мала деана даьхни циггахь вовшахкхетара.
[39] Цу гаьннаш хьалха бежалошца цхьаьнакхеттачу гезарша махарчий йолу а, къорза а, томмагӀаш долу а дохкана лора.
[40] И дохкана юьстах а даьккхина, цо важа долу даьхни цхьаьнакхетачу хенахь Лабанан къорза а, Ӏаьржа а даьхни долчу дӀадерзадора. Иштта цуьнан хилира шен даьхни. Лабанан даьхнех дӀа а къастийна, уьш юьстахо латтадора Якъуба.
[41] ХӀоразза а жена юкъахь онда даьхни оре деача, цунна хьалха хи молучу нойш чу гаьннаш дохкура Якъуба. Цу гаьннаш хьалха вовшахъэр хуьлура даьхнин.
[42] Ткъа даьхни гӀийла хилча, цунна хьалха гаьннаш ца дохкура цо. ГӀийла дохкана Лабанна дуьсура, ткъа онданиг Якъубана хуьлура.
[43] ЧӀогӀа хьалдолуш хилира Якъуб, цуьнан даккхий жаш а, дуккха а гӀарбашаш а, ялхой а, эмкалш а, варраш а яра.