[1] Цул тӀаьхьа Якъуба кхидӀа а бира шен некъ малхбалехьарчу къаьмнийн махка.
[2] Цунна шера аре гира. Цу арахь гӀу яра. ГӀуна гонах Ӏуьллуш кхо жа дара. Цу гӀуна чуьра дара царна малош долу хи. ГӀунан го дӀакъевлина Ӏуьллуш боккха тӀулг бара.
[3] Дерриг а жаш гулделча, Ӏуша тӀулг дӀа а карчабой, уьстагӀашна хи маладора. Юха и тӀулг ша хиллачу метте буьллура.
[4] Якъуба хаьттира цу Ӏушка: «Вежарий, шу мичара ду?» «ХӀаранера ду», – элира цара.
[5] «Нахьиран кӀант Лабан вевзий шуна?» – аьлла, хаьттира Якъуба. «Вевза», – жоп делира Ӏуша.
[6] «Муха Ӏаш ву иза?» – хаьттира Якъуба. «Дика Ӏаш ву, – жоп делира Ӏуша. – Хьуьлла йогӀуш ю цуьнан йоӀ Рахьал, уьстагӀий а далош».
[7] Якъуба элира: «ХӀинца а де дехха ду, уьстагӀий гулдан а хьалхе ду, хи а маладай, дӀа а дигий, дажаде уьш».
[8] Амма Ӏуша элира: «Дерриг а жаш гулдаллалц собар дан деза тхан. ТӀаккха, гӀунан гона тӀера тӀулг дӀа а харцийна, уьстагӀашна хи малор ду оха».
[9] Якъуба цаьрца къамел дечу юкъана, ша дажош долу шен ден уьстагӀий а далош, Ӏу йолу Рахьал еара уьш болчу.
[10] Шен ненавешин Лабанан йоӀ Рахьал а, Лабанан уьстагӀаш а гина, тӀевахана, гӀуна тӀера тӀулг дӀа а карчийна, уьстагӀашна хи малийра Якъуба.
[11] Юха, Рахьална барт а баьккхина, вилхира иза.
[12] Цо дийцира Рахьална, ша цуьнан ден доьзалера хилар а, ша Ребикхин кӀант хилар а. Рахьала, едда цӀа а яхана, дега дийцира цунах лаьцна.
[13] Шен йишин кӀантах и кхаъ беача, Якъубана дуьхьалвеана, иза мара а воьллина, барт а баьккхина, шен цӀа чу вигира Лабана. Якъуба дийцира Лабанна хиллачух лаьцна дерриг а.
[14] «Мел дика ду хьо сан цӀийх а, синах а волуш!» – элира Лабана Якъубе. Лабан волчохь дийнна баттахь Ӏийра Якъуб.
[15] Цкъа Лабана элира Якъубе: «Маьхза ахь суна болх беш нийса дац, хьо сан гергара стаг велахь а. Алахьа, хӀун ло ас хьуна?»
[16] Лабанан ши йоӀ яра: йоккхаха йолу Леа а, жимаха йолу Рахьал а.
[17] Леа бӀаьрса ледара долуш яра, ткъа Рахьал юьхь хаза йолуш а, дегӀ куьцехь долуш а яра.
[18] Якъубана Рахьал езаеллера, цундела цо элира Лабане: «Ас ворхӀ шарахь болх бийр бу хьуна, ахь соьга хьайн йоӀ Рахьал яийтахь».
[19] «Кхечуьнга лучул, хьоьга иза ялар гӀолехь хир ду. Со волчохь Ӏе хьо», – элира Лабана.
[20] Якъуба ворхӀ шарахь болх бира Лабанна. Амма и хан масех де долуш санна бен ца хийтира цунна, хӀунда аьлча Рахьале болу безам чӀогӀа бара цуьнан.
[21] ВорхӀ шо хан чекхъяьлча, Якъуба элира Лабане: «Сан зуда схьало, болх бан тоьхна хан чекхъяьлла сан».
[22] Цигахь Ӏаш болу нах схьа а кхайкхина, той хӀоттийра Лабана.
[23] Цу буссехь Якъуб волчу шен йоӀ Леа йигира цо. Якъуб Леица дӀавижира.
[24] Лабана шен ялхо Залпаъ елира Леина оьшу гӀуллакх дайта.
[25] Ӏуьйранна Якъубана гира шеца ерг Леа хилар. Цо элира Лабане: «ХӀара хӀун ду ахьа суна динарг? Ас хьуна дуккха а болх ма бинера Рахьал сайга йоуьйтург. Со ле хӀунда ви ахьа?»
[26] Лабана элира: «Тхо долчу махкахь жимаха йолчу йоьӀан бакъо яц йоккхаха йолчул хьалха маре яха.
[27] Амма ловзаран кӀира ахьа чекхдаккхахь, аса Рахьал а дӀалур ю хьуна. Иза долайоккхург кхин а ворхӀ шарахь суна болх бан беза ахьа».
[28] Якъуба цо ма-аллара дира: ловзаран Ӏадат кхочушдира, ткъа Лабана шен йоӀ Рахьал дӀаелира цунна.
[29] Шен ялхо Балхьат елира Лабана Рахьална гӀуллакх дан.
[30] Якъуб Рахьалах кхийтира, иза Леэл чӀогӀа езаелира цунна. Кхин а ворхӀ шарахь а Лабанна болх бира цо.
[31] Везачу Элана гора Якъубана Рахьал Леэл чӀогӀа езаш хилар, цундела Цо Леин бераш хилийтира, ткъа Рахьалан ца хилийтира.
[32] Леас кӀант вира, цуьнан цӀе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хӀунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хӀинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна».
[33] Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кӀант вира цо. Цуьнан цӀе цо ШимӀа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кӀант велла».
[34] Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кӀант вира Леас. Цо цуьнан цӀе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХӀинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кӀант ма вина цунна».
[35] Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кӀант вира Леас. Цуьнан цӀе ЯхӀуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХӀинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тӀаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза.